Некъ хала бу. Новкъахь дагахь доццург хила тарло. Вайн заманахь транспорт адамел совъяла йоьлча, муххале а, кхераме а ду.

Дукхахйолчу пачхьалкхашкахь некъашца йолчу медицинин корпусех пайдаоьцу дукха хан ю. Некъаца лазар дан тарло я пасажирана, я водительна. Некъан бохамашкахь стаг лазийча къаьсттина чIогIа оьшу некъаца медицинин корпусаш хилар.
Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон пресс-службо бинчу хаамашца некъийн медицинин корпусаш хIинца Нохчийн Республикехь а схьайиллина.
Медицинин корпус схьаелларан даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Ахмадов Шаида а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон УГИБДД-н хьаькама Черхигов Идриса а, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана а.
– Нохчийн Республикин некъашкахь медицинин 2 корпус хир ю хIинца. Цхьаъ – Гуьмсан кIошт йолалучу Жалкха юьртана чувуллучохь, важа – Соьлжа-ГIаларчу БухIан-Юьрта йистехь. Некъан медицинин корпусашкахь оьшуш мел долу хьелаш ду. Модуль 4 декъе екъна ю: тамбур, белхан меттиг, санитарин зона, медперсонало садоIу меттиг. Оцу хIора чохь хила езаш йолу йийбар а, медицинин гIирсаш а, молханаш а ду. Кхузахь, шайн рогIехь ха дийр ду бохамийн медицинин туьшан (Центр медицины катастроф) лоьраша, хIунда аьлча, дукха хьолахь, царна кхочуш ду некъан бохамехь лазийначу нахана а, водительшна а гIо дар. Масала, цхьана баттахь, юккъерчу хьесапехь, некъахь 80–100 стага доьхуш дара медицинин гIо, цундела, хIара санна йолу корпус схьаеллар заманан лехамашца догIуш ду, – билгалдаьккхира Э.Сулеймановс.
Жалкхехь а, БухIан-Юьртахь а санна йолу некъан медицинин корпусаш вайн республикин кхечу кIошташкахь схьаелла дагахь ду Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон куьйгалла.
З.ЯХЪЯЕВА
№55, мангалан (июль) беттан 23 де, 2019 шо