«Массарел а хьекъалениг»

Ламаст хилла дIахIоьттина республикин юкъарадешаран учрежденийн дешархошна юкъахь кхоллараллин хьуьнарш а, Iилмане безам а кхиоран Iалашонца «Грозный» НПТРК-хь «Массарел хьекъалениг» гуманитарин олимпиада дIаяхьар.

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Кегийрхойн цIийнехь билгалбехира республикин «Массарел хьекъалениг» Х-чу олимпиадин толамхой.

Олимпиадин схьакъасторан турехь дакъалоцуш 10-чу классашкара 800 дешархо вара, царах ахфинале 48 велира.

ДIадаьхьначу ахфиналан 12 ловзарехь а, финалан 4 ловзарехь а билгалваьлларг 5 вара. Уьш бу: Теркан кIоштан Iели-Юьртан №3 йолчу школин дешархо Генордукаева Билкъис, Соьлжа-ГIалин №57 йолчу школин дешархо Торзаев Ахьмад, Нажи-Юьртан кIоштан Бенойн-Веданан школин дешархо Хатаева Кесира, Зунибаева Залина, Гуьмсан кIоштарчу Д.Дадагован цIарахчу №3 йолчу гимназин дешархо Сайдулаева Iайшат.

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон а, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин а, Нохчийн пачхьалкхан университетан а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан а гIоьнца дIахьош ю «Массарел хьекъалениг» олимпиада.

Толамхой билгалбахаран даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Iийсас а, «Массарел хьекъалениг» олимпиадин жюрин председатела Хабаев ИбраьхIима а.

Толамхой декъалбеш, Дипломаш делира, совгIаташ дира, ткъа дакъалацархошна сертификаташ делира.

З.ЦЕНТОРОЕВА
№55, мангалан (июль) беттан 23 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: