М.Витаев – СКФО-н чемпион
Кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Олимпийск» спорткомплексехь дIаяьхьира ийначу кепехула латаран Къилбаседа Кавказан федеральни округан чемпионат. Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш Россин ворхI регионера спортсменаш бара Нохчийн Республикин вовшахтоьхначу командина юкъахь берш цу кепарчу турнирехь дуьххьара дакъалоцуш бара. Цундела, хир дар-кх чемпионатехь толаме цхьа нохчи бен ца кхечара. Иза берхIитта шо долуш волу Витаев Мансур вара. ДегIан йозалла 65 кийла йолчу спортсменашна толам баьккхира цо. Иштта, шайн-шайн дегIан йозаллашкахь кхоалгIа меттиг яккхарца билгалвелира Магомадов Хьасан, Наурдинов Ахьмад, Элимханов Асламбек, Исраилов Апти, Вахаев Алихан, Эдельхаджиев Завудди, Ахмадов Iабдал.
Шина вешин толамаш
ХIокху деношкахь шайн корматаллин карьерехь рогIера цхьаьнакхетарш дIадаьхьира вежарша БайсангуровгIаран Хьасана а, Хьусейна а.
Гуьржийн махкарчу Гвиниашвили Николозаца (7–1–3, 5 ОК) хиллачу цхьаьнакхетарехь кхаа суьдхочо толам Нохчийн Республикерчу боксерана Байсангуров Хьасанна (9–0,3 ОК) белира. Цуьнан вешица леташ хилла волу спортсмен зеделларг долуш вара. Цо шен корматаллин карьерехь 24-зза толам баьккхинера, царех 17-зза хенал хьалха. Ткъа и цхьаьнакхетар хилале Хьусейн шозза бен летта вацара. Бакъду, Венгрерчу Фазекаш Лазлон дикка хIума туьйхира нохчичо. Цунна а кхаа суьдхочо толам белира.
З.Садаевс эшамех хьалха яьккхира «Лех»
19-чу апрелехь Польшехь хьалхеяккхаран чемпионатан 28-чу туран матчехь Ленчна гIалахь меттигера команда цхьаьнакхийтира Познань гIаларчу «Лехца» (Дагадоуьйту «Лех» команди юкъахь арендехь Соьлжа-ГIаларчу «Терекан» тIелатархо Садаев Заур хилар).
Хьалхарчу тайман 20-чу минотехь «Горник» командо счет схьайиллира. Билгалваьлларг вара Рудик. Амма футболисташ садаIа бахале Садаев Заура счет дIанисйира. ЖамI 1:1 долуш, чекхъелира матч.
Билгалдаккха догIу Польшин чемпионатан турниран таблицехь «Лех» шолгIачу меттехь лаьтташ хилар.
А.АБДУЛАЕВ