Нохчийн меттан латталелоран лексика

Чулацамах доцца: Статья тIехь эзарнаш шерашкахь кхоллаеллачу латталелоран лексикех лаьцна дуьйцу. Латталелорца йоьзна йолу нохчийн литературин меттан лексико шен кхоллаяларехь а, кхиарехь а шена чулаьцна материальни а, синъоьздангаллин а культурехь, нохчийн дахарехь хилла болу чолхе историн хиламаш.

Довзийтина латталелорца йоьзна йолу лексика кхоллаяларан некъаш.

Цул сов, шайн-шайн тобанашца йовзийтина латталелоран лексика: ялтица йоьзна йолу культураш, белхан гIирсийн цIерш, культурин ораматийн цIерш, стоьмийн диттийн цIерш, хасстоьмийн цIерш, яамегачу а, дарбанийн а бецийн цIерш, зезагийн цIерш, асаран а, докъаран а ораматийн цIерш. Ткъа иштта, хьахийна царах цхьадолу дешнаш вайн матте муьлхачу меттанашкара схьаэцна а.

Къоман Iер-дахар а, культурин башхаллаш а кхоллаяларна а, кхиарна а тIеIаткъам бо къоман ламасташа а, гIиллакхаша а, ткъа иштта, Iаламан хьелаша а, иза дехачу меттиго а.

Нохчийн халкъ, Къилбаседа Кавказера кхидолу халкъаш санна, коьртачу декъана, лаьтта тIехь къахьоьгуш а, даьхни дебош а даьхна. Цунна тоьшалла до археологин ахкарша а, карийначу юьртабахаман ширачу гIирсаша а.

Нохчаша латталелорах а, цунах пайдаэцарх а лаьцна долу гIуллакхаш хьехадора XIX-чу бIешеран дукхахболчу талламхоша. Оцу темина леринчу берриге а белхашна анализ яр оьшуш дац, хIунда аьлча, иза тоъал кхочушдина шен хенахь Е.Максимовс.

Шен балха тIехь цо, хьалха язбинчу белхийн жамI деш, хадам боллуш къастадо: «Вайнехан XIX-чу бIешеран хьалхарчу эхехь а, цул тIаьхьа а юкъара латталелоран кеп коьрта хилла» [8, агIо 30–41].

Вайнаха латталелоран истори шен орамашца генарчу ширачу замане дIайоьду. Цунна тоьшалла ду – лаьмнашкахь хIинца а ган тарлуш йолу асанийн бошмийн лараш (террасное земледелие).

Оцу бошмийн йистош, синтарш дугIуш а, тIулгийн чхоца а, латта чу ца текхийта, чIагIъеш хилла ламанхоша. Ламанан кхаш шина декъе декъалуш хилла: гергара а, генара а. Ярташна герга я гена хиларе хьаьжжина, доькъуш хилла уьш. Ламанан хьелашкахь вуно хала хилла кхаш лело, даима царна тIехь къахьега дезаш хилла ахархой.

Iаламан, берриге а бохург санна, ницкъаш а: мехаш, къора тохар, токхамаш – дуьхьалбовлуш хилла ломарчу ахархочунна. Дукха хьолахь, вайнаха ширачу заманахь дуьйш-лелош хIара тайпа ялташ хилла: мукх «ячмень», кIа «пшеница», борц «просо», (кена) сула «овес», вета «лен», кхоьш «фасоль», дуга «рис», гIабакх «тыква». ТIаьхьо юкъадеана хьаьжкIа лелор.

Билггал хIокху я оцу хенахь лело долийна и ялта вайнаха ала хала ду. Амма хьаьжкIа лелор дузу Макка баханчу хьажошца [7, Т. 6., агIо 22]. Нохчийчу и культура еанарш уьш лору. Цунна тоьшалла до меттан Iилманчаша а [5, агIо 22].

XIX-чу бIешеран 30-чу шерийн документаша тоьшалла до: «Нохчаша, дукхахьолахь, борц а, кIа а, мукх а кхиабо. Iаьржачу лаьмнашкахь кIа а, мукх а ца кхиош, хьаьжкIа а, борц а кхиабо: лекхачу лаьмнашкахь кIа дика ца кхуьу» [10, ф. 169, к. 81, д. 7, л 13 об.].

ДIадаханчу бIешеран 20-чу шерийн чаккхенехь ламанан Нохч-ГIалгIайчохь кхиош йолчу культурийн ботаникин-географин анализ йо.

И таллам бинарг В.Берг ву. Цо зорбатоьхначу шен белхаш тIехь а лакхахь вай хьахийна культураш билгалйоху. Бакъду, хьаьжкIа шина тайпана хилар гайтина цо: кIайн а, можа а.

Цул сов, кIайн хьаьжкIа, дукха хьолахь, юьйш-лелош шерачу аренца хилла, ткъа можа хьаьжкIа – ламанца. ТIехуларчу билгалонашца а, кхиарца а, буьртигца а, латочу кенаца а, чомаца а бахархоша хьаьжкIаш хIокху тайпанашка йоькъуш хилла.

Масала, можа хьаьжкIа: а) веда буьртиг берг (досл. имеющий плоское зерно); б) говран церг (досл. конский зуб); в) межарган хьаьжкIаш (досл. кукуруза лепешки); г) гIодан хьаьжкIаш (досл. кукуруза стебля); д) йокъа ловриг (досл. выдерживающий засуху); е) кIайн тхьум ерш (досл. с белым стержнем); ж) цIен тхьум ерш (досл. с красным стержнем); з) кхо кан латораш (досл. три початка дающий).

КIайн хьаьжкIа хIокху тайпанашка йоькъура: а) 6 могIанан хьаьжкIаш (досл. шестирядные); б) 8 могIанан хьаьжкIаш (досл. восьмирядные); в) хьена ахьар хуьлурш (досл. из которого получается жирная мука); г) можа тхьум йолу (досл. желтым стержнем); д) сискал якъа ца лург (досл. чурек не высыхает); е) ахьар кIон ца лург (досл. мука которой не горчит); ж) цу дика хуьлу (досл. толокно получается хорошим); з) чуьппалгаш йовлу хьаьжкIаш (досл. кукуруза, из которой получаются хлопья) [3, агIо 76].

Нохчийн меттан лугIатан хIоттамехь латталелорца йоьзна йолчу лексико шакъаьсттина меттиг дIалоцу. Эзарнаш шерашкахь кхоллаеллачу тайп-тайпанчу терминех лаьтта иза.

И терминаш гулъяр а, таллар а мехала гIуллакх ду меттан а, халкъан историн а уьйр билгалъяккхарехь. Лаьтта тIехь дукха хенахь дуьйна къахьегаро таро елла вайн маттахь ораматашца йоьзна йолу терминологи кхоллаялийта.

Цара цхьамогIа лексикин-тематикин тобанаш кхуллу:

1. Ялтица йоьзна йолу культураш: мукх «ячмень», кIа «пшеница», Iов «пшено», Iаьржа кIа «рожь», вета «лен», сула, (кена) «овес», дуга «рис», хьаьжкIа «кукуруза», жарж «кукурузная сечка», кхоьш «фасоль», горга кхоьш «горох», борц «просо».

2. Ялта дерца, кхиорца, хьакхарца, Iалашдарца йоьзна йолу лексика: латта «земля», «почва», гилза «отсек в комнате для хранения зерна», дуо «сапетка», кха «участок пахотной земли», урд «надел земли», бай «залежная земля», асар «прополка», чIоь «ларь» (для ссыпки зерна), ахка «вскопать, копать», гунаш дар «окучивать», аха «вспахать, пахать», ахархо «пахарь», мекха баккха «боронить», охана «пахота», арар «молотьба», маргIал «молодой побег», харш «борозда», оьс «кладка из трех снопов», зIийдиг «росток», зIийдигаш «рассада», чIениг «почка», цIов «сноп», гIад «стебель», ларма «яма для хранения зерна», кхаба «кувшин для хранения зерна», сайра «ларь», хьаьтт «ток, гумно», такхор, рагI «скирд», кенан ялташ «колосовые», кенан хьаьжкIа «кукуруза в початках», кес «полоса скошенного хлеба или травы», маьрсахо «жнец», ялта дIадер «посев», кан баьккхина ялта «спелые хлеба», ялтадакъорг «зерносушилка», ялта цIандар «зерноочистка», ялта чудерзор «уборка урожая», шу «межа», ялта «хлеб» (на корню).

3. Белхан гIирсийн цIерш: аьста «мотыга», баьхьа «деревянная лопата для веяния зерна», гам «небольшая мотыга», гота «плуг», балба «каток для молотьбы», бел «лопата», гIирс «инструмент», гIордаз «рашпиль», дзаIар «плетенка из хвороста для молотьбы», кагтуха «грабли», качалг «переметная сума», кохьар «ручная мельница», кIомсар «ручные грабли», кхар «каменный каток для молотьбы зерна», метиг «мотыга», марс «серп», мангал «коса», мекха «борона», нох «соха, плуг», пешка «носилки для веяния зерна», цел «мотыга, полольник (для прополки кукурузы)», шада «вилы», ков «напильник», шалгуо «двухрожковые вилы», херх «пила», эрнеI «орудие для молотьбы (широкая доска с вбитыми в нее осколками кремня)».

Готаца а, цуьнан коьчалшца а йоьзна иттех термин ю нохчийн маттахь: баьлча «рукоятка плуга», гуотану «составная часть плуга», гурма «колесо для прицепа плуга», гIалакх «палочка из крепкого дерева для очистки лемеха от земли», гIарлу «лопаточка для очистки лемеха», нуох «древняя соха», соргIа «отвал и держатель лемеха», пхьатоьда «предплужник», сазгIа «грядиль», хьонхал «лемех».

4. Культурин ораматийн цIерш (дитташ, коьллаш): акхтарг «серебристый тополь», бага «сосна», база «тис ягодный», гIаргIа «пирамидальный тополь», дагI «вяз шершавый», дакх «береза», зез «лиственница», датта «рябина», дак «ива», жагIнакх «вид кустарника с мелкими плодами наподобие крыжовника», дога «кизил», колл «куст», куллан бIар «фундук», кхезарш «смородина», кIудалг «крыжовник», ламанан муьрг «калина», мах «осина», маъ «ольха», мангалкомар «ежевика», муьшдечиг «вяз», наж «дуб», наркаш «облепиха», ножан бIар «желудь», пха «граб», поп «бук», стов «кизил», лега «клен», талл «тополь», хьаьрмик «шиповник», хьаьмц «мушмула», хьех «липа», цIазам «клубника», элхьамч «боярышник», эмкалбаI «верблюжья колючка», ярезаз «черемуха», IаммагIа «карагач», IандагIа «берест, вяз», Iалларойн баI «репейник».

5. Стоьмийн диттийн цIерш: балл «вишня, черешня», боча бIар «грецкий орех», гIайси «урюк», гIаммагIа, занжабил «имбирь», дуушто «ясень со сьедобными плодами», инжил «инжир», комар «тутовник», кемсаш «виноград», куока «терн, терновник», хурма «финик», кхор «груша», нар «гранат», туьрк «абрикос», хьач «слива», хьайба «айва», хьормат «груша», хьуьнан балл «физалис обыкновенный», хьуьнан бIар «лесной орех, фундук», чIабалг «каштан», шаптал «персик», Iаж «яблоня».

6. Хасстоьмийн цIерш: балг «топинамбур», бурч «перец стручковый», бурак «свекла», гIабакх «тыква», жIонка «морковь», картол «картофель», копаста «капуста», кхоьш «фасоль», горга кхоьш «горох», наьрс «огурец», памдор «помидор», хорсам «редька», цIен хорсам «редиска», Iаьржа хорсам «репа», хорбаз «арбуз», паста «дыня», шамали «канталупа (сорт маленькой дыни)», саьрамсекх «чеснок», тIукани «разновидность тыквы», хох «лук», хьажгIабакх «особый сорт восточной тыквы».

7. Яамегачу а, дарбанечу а бецийн цIерш: боь «горный чеснок», бIостбуц «борщевик», гIуореш «съедобная трава», дарбанан аларт «донник лекарственный», дарбанан буквица «буквица лекарственная», даьттадоккху баI «софлор», дегаорам «валериана», динберг «подорожник», динкхел «конский щавель», ишалчай «иван-чай узколистый», кхеламолх «горошек лесной», кIуон орам «хрен», латталуьттург «зверобой», маьлхан буц «разновидность лечебных трав», мерзбуц «хвощ», мерза орам «многоножка обыкновенная», муьстарг «щавель, кислица», нехча, нехца «купырь лесной съедобный», нитт «крапива», нIаьнийдоху буц «золототысячник», оччам «укроп», тати «лебеда», хояхар «хмель обыкновенный», хьажбуц «мята длиннолистная», хьожайогIу буц «богородская трава, чабрец», хьонка «черемша», цица «тмин, вид укропа», цкъарг «дикий лук», чайнбуц «чайная трава», чам-буц «петрушка», човбуц «володушка», шекаран эрз «сахарный тростник», шовхалдие «борщевик», шолча «шалфей», Iаджаркх «душица» Iаждарбуц «душица обыкновенная, мята», IаьIа «лопух», Iанжалг «алтей лекарственный», IонтIаз «девясил».

8. Зезагийн цIерш: алцIензIам «тюльпан», басар «колокольчик», баппа «одуванчик», можа зезаг «ромашка», пацзезаг «разновидность ромашки», туобалкх «фиалка», цIелерг «пион», чахкарзезаг «разновидность цветка», чIегIардигкIа «ландыш», лайнзезаг «подснежник», петIамат «мак».

9. Асаран а, докъаран а ораматийн цIерш: асар, датталг «сорняк», баI «репейник», гIуорош «съедобная трава», магар «просяная солома», чирбаI «чертополох», докъар «корм для скота», къух «сорняк, буръян», хIоъ «фураж, корм», кегаш «мякина», корсам «мох», ча «солома», кIайбаI «белый репейник», кхоткъа «клевер», хинжбуц «куриное просо», селенгIа, сенаргIа «омела белая», цана «сенокосные угодья», юша «полынь», кхиошболу кIомал «конопля посевная», хьакхин орам «свинорой», шиш «азалия», яраш «сорная трава, Iажаркх «пырей, свинорой».

Нохчийн литературин меттан лексикехь билгалдоху шен а, тIеэцна а дешнаш. Латталелоран терминашна юкъахь дукха яц кхечу меттанашкара тIеэцна лексика.

Оцу терминологийн коьрта дакъа ду ширачу заманахь дуьйна нохчийн маттахь кхолладелла долу дешнаш. Амма нохчийн матто тайп-тайпана уьйраш латтийна Iаьрбийн, гIажарийн, тюркски, оьрсийн, гуьржийн меттанашца.

Дукха хенахь дуьйна кхечу къаьмнашца хиллачу экономикин а, политикин а, культурин а уьйраш бахьана долуш вайн матте даьхкина кхечу меттанийн дуккха а дешнаш. Царах дукхахдерш гIажарийн, тюркойн а, гуьржийн а, оьрсийн а меттанашкара тIеэцна ду: аккази «акация», акхтарг «серебристый тополь» (оьрс.), база «тис ягодный) (гуьрж.), балг «топинамбур» (гуьрж.), беш «сад» (гIажар.), бурак «свекла» (оьрс.), бурч «перец» (тюрк.), гIайси «урюк» (гIажар), гIабакх «тыква» (тюрк.), дуга «рис» (гIажар.), занжабил «инжир» (Iаьрб.), картол «картофель» (оьрс.), кока «терновник» (гIажар.), копаста «капуста» (оьрс.),мах «осина» (гуьрж.), нар «гранат» (гIажар.), наьрс «огурец» (тюрк.), паста «дыня» (тюрк.), памдор «помидор» (оьрс.), роза «роза» (оьрс.), редиска «редиска» (оьрс.), саьрамсекх «чеснок» (тюрк.), талл «тополь» (тюрк.), туобалкх «фиалка» (тюрк.), туьрк «абрикос» (тюрк.), хас «грядка» (Iаьрб.), хорбаз «арбуз) (гIажар.), хох «лук» (гуьрж), хурма «финик» (гIажар.), хьайба «айва» (тюрк.), хьаьмц «мушмула» (Iаьрб.), хьормат «груша» (тюрк.), цица «тмин, вид укропа» (гуьрж.), шаптал «персик» (гIажар.), Iаж «яблоко» (гуьрж.) и. дI. кх.

Шайн хIоттаме хьаьжча латталелорца йоьзна йолу цIерш цхьалхе (кхоллаелла йоцу), чолхе а, хIоттаме а хуьлу. Царах дукхахъерш цхьанаорамах лаьтта цхьалхе цIерш ю. Латталелорца йоьзна йолу лексика кхоллаяларан некъаш суффиксальни а (баьл-ча, дата-лг, кача-лг, муьста-рг, кIуда-лг, кIуом-ал), орамаш, дешнаш цхьаьнакхетаран а (мангалкомар, «ежевика», чIегIардигкIа, «ландыш», хьажгIабакх, «тыква», хьаьжкIа «кукуруза»), описательни а ду (горга кхоьш «горох», латталуьттург «зверобой», даьтта доккху баI «софлор», хьожайогIу буц «богородская трава») и. дI. кх.

Нохчийн маттахь буьртиган ялтин масех цIе ю: кIа, сула, мукх, хьаьжкIа, Iаьржа кIа, борц. Амма коьртачу декъана дуьйш-лелош долчарах кIа а, мукх а, сула а, хьаьжкIа а хилла. Ялта дIасахьош а, Iалашдан чудухкуш а болу гIирсаш а хилла: чIоь, дуо, сайра.

ХьаьжкIаш, дукха хьолахь, дай чохь Iалашйора, ткъа кхидолу ялта Iалашдеш хуьлура сайри чохь (чIоьнахь а, яккхийчу кхийра кхабанаш чохь а, бежанан неIарх динчу галеш чохь а).

Сайрин бух поппар хьохий, кир тухий кечбеш хилла. Ялта Iалашдан ларма еш хилла. Теркйистерчу наха цIенош чохь ялта Iалашдан гилза йора (чоьна чохь ялта дакъон билгалйина меттиг).

Лармех ширачу хенахь дуьйна пайдаоьцуш хилла нохчаша. Готта бертиг а, шуьйра бух а болуш хилла уьш. Царна чохь ялта дика Iалашдалора, матар а ца дулуш, дахка а ца луш.

ХьаьжкIаш дуьйцинчу бIаьллинган серех бинчу дай чохь Iалашйора я, хьуьнах дитташ тIе курсаш а дой, хьалаухкура.

«Дукхахболчу нохчийн Iай дитташ тIе хьаьжкIаш хьалаухку шайн варшаш хилла. Цу меттигех гарс олуш хилла» [11, агIо 78 ].

ХIинца вайн маттера дIабевлла ала мегар ду ялта дустаран барамаш а: сахь (ши кийла сов йозаллин барам), герка (ши кийла гергга), гирда (12 кийла), пунт «пуд».

Нохчаша ширачу заманахь дуьйна латталелорца боьзна хиларна, боккха тидам тIебохуьйтуш хилла бIаьстенан кечамна. Цхьана стаге хаьттина, «Муха дебийра ахьа хьайн хьал?», – аьлла.

«Iай бIаьстенна кечвелира со, аьхка Iаьнна кечвелира» (досл. еще зимой готовился к лету, а летом – к зиме), – жоп делла стага.

Лаьтта тIехь къахьегар нохчаша мехала лоруш хиларна тоьшалла до хIокху халкъан кицанаша а:

«Аьхка хье ца кхихкича, Iай яй кхехкар бац (досл. если летом не закипит мозг, то зимой не закипит котел);

«Охучу хенахь аьлларг, оручу хенахь карор ду» (Сказанное при пахоте при молотьбе отыщется);

«Тахана ахь динарг, наха дича санна, карор ду кхана» (То, что ты сделал сегодня, завтра найдешь, будто это сделано другим);

«Айхьа доттагI лохуш, уггар хьалха, цуьнан кха муха ду хьажа» (Если выбираешь друга, первым делом посмотри на его поле).

Юьртабахаман шо нохчаша, Кавказехь дехачу кхечу къаьмнаша санна, малх цIера баларца долош хилла. Оцу денна лерина берашна керла бедарш тоьгура; цхьа-ши де хьалха дIадоладора локъамаш яр, чоьнаш, пхьегIаш цIанъяр, пенах кир тохар.

Жима а, воккха а, кегий бераш а цхьаьна, хьалххе самавоккхура, малх схьакхетталц кхин дIа а ца вуьжуьйтура, байшна а, жоьра зударшна а, баккхийчу нахана а совгIаташ дора.

Кертахь мел долу даьхни дузадора, цIийнан соне а, тхов тIе а, бедана а баьпкан я сискалан цуьргаш кхуьйсура. Оцу дийнахь чохь са мел долу хIума дуьзна хила дезаш дара.

Кхаа дийнахь даздора и де цхьацца къийсадаларш, ловзарш дIахьош, ткъа доьалгIачу дийнахь юьртахой готанца кха тIе боьлхура. Иза малх цIераболуш, Iай, бIаьстей къаьстинчул (бекарг (март) беттан 23 де чекхдаьллачул тIаьхьа) дора. Кхечу кепара харштосу де а олу цунах.

Оцу дийне хьаьжжина хир ду шеран ялта а, тIедогIу шо а бохуш, чIогIа лерина кечам беш хилла цунна. Хьалххе кечдеш хилла дуьххьара бIал боккхуш, нох дIатакхон долу стерчий, билгалвеш хилла гота йолош стерчийн юьхь лоцу волу беркате стаг. Гота яхале хьалха, оцу хаьржинчу стага хIу тосуш хилла. И хIу цуьнга дIалуш боккхачу доьзалан оьзда, къинхьегамна тIера, беркате, наха хаьржина зуда хила езаш хилла.

Нох шозза дIадахча, готанан хорша чу, кхузза шура а тухуш, етт узура. Оцу дийнахь тайптайпана къийсадаларш а дIахьора. Латтаахар, ялта дIадер, цунна хитохар божаршна тIехь дара. Ялта хьакхар, цIадар, арар божарша а, зударша а, бераша а цхьаьна кхочушдора. Асар, дукха хьолахь, зударша а, бераша а дора.

Ялта маьрсаца хьокхура, цIевнаш а деш, доккха литта дора. Кха юккъехь ца хьокхуш кхо кан буьтура, уьш тIаьххьара хьокхура «ТIедогIу шо ялта хьийкъина хиларца кхин а беркате хуьлда» (Да уродится следующий год еще благостным, урожайным) олуш.

Ялта хьакхар хала болх бу, цундела белхи вовшахтухуш хилла кIа я мукх хьокхучу хенахь. Маьрсахочунна юххе гIоьнча хIуттура, цо схьахадийначу кенех «доьхка» дора, маьрсахочуьнга ша хьокхуш долу кенаш цу тIе охьатасийта. Кхаа цIевнах лаьттачу кенех оьс йора, ши-кхо де даьлча и оьснаш тIекIелдохкуш гIама йора, жимма Iийча оцу гIамах литта дора. Цул тIаьхьа и литтанаш ворданаш тIе а дуттуш, хьаьтта дIахьора. Цхьана ворданахь цкъа дIахьош долчу цIевнех леза олура [4, агIо 717].

Кхолитта тIекIелдуьллуш хола бора. Хьаьтта схьадеана ялта арар стерчашца а, балбанца а кхочушдора. Лаьттах хьокха а тухий, машшашца цунах стерчий дIатосура. Гонаш туьйсуш, цIевнаш тIехула стерчий лоьлуьйтура, уьш лохкуш шед карахь ерг а хуьлура. Цунна лерина коган кIа «досл. пшеница ноги) шех олу кIа хуьлура.

Цхьайолчу меттигашкахь кIа араран аннаш – балба леладора, ЧIебарлахь цунах эрдаран неI (досл. дверь для молотьбы) олура. КIа эринчул тIаьхьа цхьана мох болчу дийнахь, иза цIандаран Iалашонца махе лоцура. Кегийчу наха шуьйрачу баьхьанашца хьалакхуьйсура и кIа. Жимма хан яьлча, шаннашца, тесашца [9, агIо 303], я цхьана я шина стага лоцучу пешкаца [6, агIо 162], кегийчу нахана кIа махе лоцуш гIо дан хIуьттура зударий. Наггахь цецех я бахтарех а пайдаоьцура кIа цIандеш. ЦIандина ялта деа декъе доькъура.

Ирх кхоьссинчул тIаьхьа охьаэгна буьртигаш тIедогIучу шарахь дIаден схьахоржура, важа ши дакъа даа а, дохка а, билгалдора, доьалгIа дакъа бежнашна а зIакардаьхнина а дуьтура.

Кху тайпана ялта цIандар а, схьахаржар а Къилбседа Кавказерчу дукхахдолчу къаьмнаша дора. Таханлерчу дийне схьадеана халкъо догIа дехаран ламаст.

ХIинца а нохчийн ярташкахь ган тарло йокъа хIоьттича догIа доьхуш лела берийн тоба. Шайна юкъара цхьа кIант а хоржий, цуьнан коьртах гали дуллий, цу тIехула яраш а, диттан генаш а ухкий, иза шайна юкъа а хIотт авой, хIора керт а хIуьттуш, хIара дешнаш а бохуш лела уьш: «Къоршкъали хIара ю ДогIа лохьа, Дела. Цхьа буьртиг, ши буьртиг, Даьттанчохь йоькаш. ХIай, хIай, кIентий! Ялта кхуьийла шун, Ялта кхуьийла».

Цул сов, цIийн сагIа доккхуш а доьхуш хилла наха догIа. Латталелоран къинхьегаме ларам хилар гойту хIокху бакъдолчо а: бепиг уьрсаца ца хадош, куьйгашца кагдеш хьалхадуьллу шуьнехь болчарна. Бепиг уьрсаца хадон бакъо ворхI шарахь болх бина волчу ахархочунна бен ца лора.

Дерзош ала лаьа, латталелорца йоьзна йолу нохчийн литературин меттан лексико шен кхоллаяларехь а, кхиарехь а шена чулаьцна материальни а, синъоьздангаллин а культурехь нохчийн дахарехь хилла болу чолхе историн хиламаш.

С.Э.ЭДИЛОВ, филологин Iилманийн кандидат, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн филологин кафедрин доцент. Нохчийн пачхьалкхан университетан 80 шо кхачарна леринчу «Кавказан дуьне: дешаран, меттан, литературин, историн, динан проблемаш» дуьненаюкъарчу Iилмананпрактикин конференцин материалийн гуларна тIера

Литература:

1. Алироев И.Ю. Вайнехан мотт, истори, культура (Язык, история и культура вайнахов). Соьлжа-ГIала. «Книга», 1990.

2. Алироев И.Ю., Овхадов М.Р. Кхечу меттанашкара тIеэцна лексика. Соьлжа-ГIала, 1978.

3. Берг В.Р. Ламанан Нохчийчоьнан латталелор а, хIуьнан ораматаш а (Полеводство и посевные культуры Горной Чечни). Кавказан Къилбаседерчу басешкара хIуьнан ораматаш (Посевные культуры северных склонов Кавказа), Дона-тIера-Ростов, 1930, 2-гIа д.

4. Генко А.Н. ГIалгIайн культурин дIадаханчунна юкъара (Из культурного прошлого ингушей). Малхбален Iилманчийн коллегин йозанаш (Записки коллегии востоковедов), 1930.

5. Дешериева Т.И., Дешериев Ю.Д. ХьаьжкIан а, цуьнан дакъойн (ораматан санна) а, иза кечъяран белхийн а нохчийн цIерш. Ибери-кавказан меттанийн декъан (отраслан) лексикин гIуллакхаш. (Чеченские наименования кукурузы, ее частей (как растения) и процессов ее обработки. Вопросы отраслевой лексики иберийско-кавказских языков). Ибери-кавказан меттанаш историн-дустаран кепара Iаморехула регионан кхоалгIа Iилманан сесси: Докладийн тезисаш (Третья региональная научная сессия по историко-сравнительному изучению иберийско-кавказских языков: Тезисы докладов). Соьлжа-ГIала, 1969.

6. Закс А.Б. Къилбаседа Кавказан историн-Iердахаран экспедици (Северо-Кавказская историко-бытовая экспедиция). М., 1941.

7. Лаудаев У. Нохчийн тукхам (Чеченское племя) ССКГ. Тифлис, 1872.

8. Максимов Евг. Нохчий. Историн-географин а, статистико-экономикин очерк (Чеченцы. Историко-географический и статистико-экономический очерк) ТС. Буру-ГIала, 1893. Вып. 3.

9. Кавказан халкъаш (Народы Кавказа). М., 1960.т 1.

10. Ленинан цIарахчу библиотекин куьйгайозанан отдел (Рукописный отдел библиотеки им.Ленина).

11. Хасиев С-М. Нохчийн а, гIалгIайн а латталелоран культура («Культура полеводства чеченцев и ингушей»). Нальчик, 2004.
№55, мангалан (июль) беттан 23 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

2 комментари йазйина хIокху “Нохчийн меттан латталелоран лексика” йаздарна бухахь

  1. Х1ара 1аламат беркате таллам бу аьлла а, меттан г1уллакхашца бала болчунна кхуьнца алссам пайда бу аьлла а тешна ву со. Дела реза хуьлда хьуна, Салавди!
    Ларамца,

  2. Делахь ма нана-доккха г1о ду-кх и вайн маттан! Дала диканца бекха-м бойла авторн!!!

    1едало г1о деш хила деза и тайпа нах!!!

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: