Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гӀоьнчас, «Грозный» НПТРК-н директора Дудаев Ахьмада кхайкхам бина Нохчийчоьнан хьокъехь питане материалаш язъечу авторшка.

Цо билгалдаьккхина республикехь социалан а, экономикин а кхиамаш хилар ца лалуш, журналист ю ала а йиш йоцчу Милашинан сих-сиха еттаялар нислуш хилар.
Иштта, Дудаев Ахьмада тидам ма-барра, цо [Милашинас] а, и санначара а юьйцу «къайлаяьхна» йолу набахтеш а, законехь а доцуш, Устрада-ГӀалахь нах дӀалецна латтор а.
Тохара цара и эладитанаш а, питанаш а даржийначул тӀаьхьа, Устрада-ГӀалахь талламаш бина бакъонашларъярхоша, амма, кхеташ ма-хиллара, цхьа а «къайлаяьхна» набахтеш карийна яц царна.
Оццу питанчаша хӀинца юха а долийна изза эладитанаш.
Делахь а, хӀинца юьйцург Устрада-ГӀала яц, хӀинца юьйцу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолу полк.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гӀоьнчас, «Грозный» НПТРК-н директора чӀогӀа нийса билгалдаьккхина оцу питанчаша юьйцуш йолу набахтеш цара хӀитточу суьрташкахь хилар.
Цул сов, цо дагадаийтина нохчийн къам шен ламасташ лардеш хилар а, цаьрца нийса а догӀуш, шайн векалшна, бехк-гуьнахь а доцуш, доьзалша тӀе цхьа а кхуьйдуьйтург цахилар а.
Шен кхайкхам, «Ма гӀерта, гӀуллакх хир дац шун!», – чаккхенехь а олуш, берзийна цо.