А.Бетербиев – 2018-чу шеран – тоьлла боксер

Россехь боксан де билгалдаккхарца доьзна, масех де хьалха, Москварчу ЦIечу майданахь дIаяьхьира корматаллин боксан суьйре. Цига кхайкхина вара дуьненахь дика вевзаш волу корматаллин боксер, IBF версихула дуьненан чемпион, «Ахмат» клубан векал Бетербиев Артур.

2018-чу шеран жамIашца «Тоьлла боксер» номинацехь тоьлла боксер леринчу А.Бетербиевна оцу суьйренехь даздаран хьолехь дIаелира хIорашеран «Боксан седа» преми а, йоьзан статуэтка а.

Цигахь гулбеллачарна кхин цкъа а дагадаийтира вайн махкахо корматаллин боксана юкъавахчахьана, цкъа а, цхьана а боксерана эшна цахилар а, шен берриге а толамаш цо шех леташ хилларш ринга тIе эгорца (нокаутца) баьхна хилар а, шен йозаллин категорехь IBF версехь иза дуьненахь тоьлла боксер хилар а.

«Хьо кийча вуй С.Ковалевца лата?», – аьлла, журналиста шега динчу хаттарна жоп луш, А.Бетербиевс дIахьедира ша муьлххачу а боксераца лата кийча хилар, боксан кхечу версихула дуьненан чемпион волчу С.Ковалевца латар а, ринга тIе валар а цо дика кхаъ санна тIеоьцуш хилар.

Бакъду, цкъачунна, билггал сацам хилла баьлла гIуллакх дац иза.

Делахь а, нохчи кийча ву оцу тасадаларна, иза мацца хилахь а.

Билгалдаккха деза тIаьхьарчу шерашкахь Бетербиев Артур Канадехь Iаш а, тренировкаш еш а хилар. Цигахь а волуш, шозза ларйина цо дуьненан чемпионан цIе.

Цо чIагIдарехь, иза кийча ву и сийлахь цIе ларъеш кхул тIаьхьа къийсамаш дIабахьа а, керлачу толамашца вайна юьхькIам бан а.

Делахь-хIета ларамаза дац цунна «Тоьлла боксер» совгIат далар.

Ала дашна, Нохчийн Республикерчу боксан «Ахмат» спортан клубан декъашхоша тайптайпанчу номинацешкахь и преми йоккхуш йолу хIара доьалгIа шо ду.

Д.АНАДЕВ
№56, мангалан (июль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: