Хазахетаран кост кхаьчна Москвара хIокху деношкахь Нохчийчу.
Вайна массарна дукхадезачу похIмечу адамийн лаккхара мах хадийна Россин Президента В.Путина, царна «Россин Федерацин хьакъволу артист» сийлахь цIераш яларца.
Россин Федерацин Президента совгIат динарш бу Нохчийн Республикин халкъан артистка, ГIалгIайн Республикин халкъан артистка Ташаева Марем, Нохчийн Республикин халкъан артист Эбиев Илес а.
Дукха хан яра цара нохчийн къоман эстрадехь хьанал къахьоьгу, шайн башхачу аьзнашца вайн лерса хьоьсту.
Халкъе болчу безамо а, хаддаза шайна тIехь къахьегаро а кхачийна уьш кхиамийн лакхене.
Эбиев Илесан а, Ташаева Мареман а иллеша, эшарша йоккха меттиг дIалоцу нохчийн халкъан дахарехь.
Церан кхолларалла мах боцу беркат хилла дIахIоьттира Нохчийн Республикин культурехь.
Ташаева Мареман а, Эбиев Илесан а иллеша, эшарша даима деза Iамаво дай баьхна латта, адамалле кхойкху, тешавора нохчийн къоман сирлачу кханенах.
2019-чу шеран асаран (июнь) беттан 13-чу дийнахь тIе куьг яздина вайн артисташна сийлахь цIераш яларан хьокъехь долчу Указана.
Ткъа вайга и мерза кхаъ кху деношкахь схьакхаьчна, махкахошна Iаламат доккха хазахетар дохьуш.
А.АРАПХАНОВА
№56, мангалан (июль) беттан 26 де, 2019 шо