Сийлахь хьаьждаран мур дIаболабелла

Нохчийчуьра хьаьжой буьгуш СаӀудийн Араве дуьххьарлера кема хIокху беттан 23-чохь дӀадахана Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу «Грозный» аэропортера.

Хьалхарчу рейсаца Сийлахьчу махка дIавахана 175 хьаьжо. Церан массеран а хьаьждан аьтто бина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Регионан юкъараллин фондо.

Хьаьжой новкъабохуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча, республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа.

Республикин куьйга лло СаIудийн Аравица хьалхе бина барт бахьанехь хьаьждечарна кечдина тоьлла хьешацIенош а ду сийлахьчу меттигашна уллехь, кхидолу мел оьшу хьелаш а ду.

Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин пресс-службо хаам ма-барра, кху шарахь Соьлжа-ГIалара СаIудийн Араве хьаьждан гIур ву 2 600 стаг.

А.ВАХАЕВА
№56, мангалан (июль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: