1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша цIерапошташца малхабалехьа дIахьажийначу дерриге а нохчийн халкъо хийрачу мехкашкахь 13 шо даьккхира, Даймахке сатуьйсуш, мацалла, харцо, гIело, шело ловш.
Ерриге а бакъонех хедийна бара вайн дай а, наной а. Ур-атталла луларчу юьрта баха бакъо йоцуш, иттех шо даьккхира цара, валар-висар хилча а, вовшашна тIекхача таро йоцуш. Сталинан Iедало дIахIоттийна дара иштта луьра низам. Низаман гурашкара вала гIоьртинарг набахтехь яккха итт-пхийтта шераш хенаш а тухуш, Сибреха дIахьовсош бара.
1945-чу шеран кхолламан (январь) беттан 8-чу дийнахь СССР-н Министрийн Совето №35 йолуш арахецна леррина Указ дара, шаьш бехачу кIоштарчу комендантера бакъо йоцуш, дIасабовлар вайнахана доьхкуш.
1948-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 26-чу дийнахь СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указаца тIечIагIйира хIоттийначу низаман къизалла. Комендантера бакъо йоцуш луларчу юьрта, кIошта ваханчунна набахтехь яккха 20 шо хан тухуш, ткъа и тайпа стаг Iедалан белхахойх хьулвинчунна набахтехь яккха пхи шо хан тухуш. И къизалла доьналлица лайра вайнаха. Собарх а, ийманах ца буьйхира. Цкъа а дог ца диллира Делан диканах а.
Цара сатуьйсура Кавказан къоьжачу лаьмнашка кхача, цига шаьш кхочург хиларх тешаш. И тешам чIагIбелира 1953-чу шеран бекарг (март) беттан 5-чу дийнахь Сталин Иосиф кхелхича.
Вайн махкахочо Мальсагов Зияуддис 1953-чу шеран мангалан (июль) беттан 11-чу дийнахь кехат яздо, Сталин дIаваьлча, цуьнан метта СССР-н Министрийн Советан Председатель хIоьттинчу Г.Маленковга вайнахана тIехь хIоттийначу къизачу Iазапан хьокъехь.
Шен кехатехь Мальсаговс дуьйцу, 1945-чу шарахь Сталине ша кехат яздарх, и кехат бахьанехь, Iедало балхара вохаварх. Ткъа уггаре а коьртаниг, вайн махкахочо Маленковга дIахоуьйту Л.Бериян омранца Хьайбахахь ялх бIе сов, Ялхаройхь кхин а пхи бIе сов стаг вагийна хилар, уьш охьабаха лам чу машенаш хьалайига аьтто цахиларна.
Вайн бакъо яц Мальсагов Зияуддис, и санна болчу кхечу нохчийн къоман яхь йолчу кIенташа яздина кехаташ лар йоцуш дайна ала.
Нохчийн къоман интеллигенцин векалша хаддаза, дуккха а яздина и тайпа кехаташ. Цунна къеггина тоьшалла ду 1954-чу шеран кхолламан (январь) беттан 15-чу дийнахь Кремлехь дIаяхьначу КПСС-н ЦК-н Президиумехь махках даьхначу халкъийн хьал дийцаре дар. Ворошилов Клементина тIедуьллу, комисси кхоьллина, и гIуллакх кхачам боллуш таллар.
Ворошилов коьртехь волуш кхоьллинчу комиссина юкъабогIуш хилла: К.Горшенин, С.Круглов, К.Лунев, А.Дедов, Р.Руденко. Цара леррина таллам бина. Долуш долу хьал, ма-дарра, цунах лаьцна шайна хетарг, хьул ца деш, 1954-чу шеран чиллин (февраль) беттан 24-чу дийнахь Маленков Георгийга а, Хрущев Никитига а яздинчу кехата тIехь (служебная записка) дIахаийтина.
1954-чу шеран хIутосург (май) беттан 19-чу дийнахь СССР-н чоьхьарчу гIуллакхийн министра Круглов Сергейс кехат яздо компартин куьйгалле махках баьхначеран цхьайолу бакъонаш меттахIитто йогIуш хиларх, церан къинхьегаман эвсаралла лакхаяккха езаш хиларх лаьцна.
Комендатурашка куьг яздан махках баьхнарш хIора дийнахь бахка безар а шена совнах хеташ хилар дIахоуьйту Круглов Сергейс.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министра билгалдоккху, шаьш бехачу областехь, кIоштахь баха-бахка уьш маьрша битар пайдехь хилар, кхаа баттахь цкъа комендатурашкахь куьг яздар а кхачо йоллуш хилар.
С.Кругловн кехатна (служебная записка) тIетевжий, вайн дукхахболчу махкахоша яздина кехаташ тидаме оьций, СССР-н Министрийн Совето 1954-чу шеран мангалан (июль) беттан 5-чу дийнахь тIеоьцу №1439-649 йолу Сацам, махках баьхначарна баха-бахка, кегийрхошна СССР-н муьлххачу маьIIехь деша баха некъ бостуш.
1954-чу шеран мангалан беттан 13-чу дийнахь СССР-н Лаккхарчу Советан Президиумо тIеоьцу 1948-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 26-чу дийнахь ша тIеэцна Указ дIадаккхаран хьокъехь долу Указ.
Ткъа 1954-чу шеран мангалан беттан 16-чу дийнахь Москвахь арадаьллачу массо а газето зорбатуху СССР-н Чоьхьарчу гIуллакхийн министран Круглов Сергейн «Махках баьхначарна бина цхьаболу бехкамаш дIабахаран хьокъехь» долу №00597 йолу омра.
Дуккха а шерашкахь вайнаха сатийсина кхаъ бара вайн махкахошка 1954-чу шеран аьхка кхаьчнарг. Вайнехан бакъонаш меттахIитторан юьхь яра иза.
Вайн махкахойн дегайовхо чIагIйира Кругловн омрано. Тешийра сатийсамийн кхане гена цахиларх, кестта дай баьхначу лаьтта тIе цIабоьзург хиларх.
Кхузткъе пхоьалгIа аьхке тIекхечи и мерза кхаъ вайнахе кхаьчна. Амма вайн къаноша диц ца дина и де. Шийлачу бохамаша Iийшинчу шайн декъазчу синошна дегайовхо еана маьлхан де!
Ткъа вайн кегийрхошна хаьий-те цунах дерг?
Цара ойла йой-те шайн дедайша, денаноша хийрачу махкахь текхначу Iазапан?
Нохчийн халкъан селхане йицъяхь, кхоьлина хирийте вайн кхане?
Г.АЗИЕВА (Пайдаэцна «Нохч-ГIалгIайн АССР юхаметтахIоттор» книгах)
№56, мангалан (июль) беттан 26 де, 2019 шо