«Акхачу» дивизех дош

1914-чу шеран асаран (июнь) беттан 28-чу дийнахь Сербин къомах волчу студента Принцип Гаврилас динчу талорехь кхелхира Австро-Венгрин эрцгерцог Франс Фердинанд а, цуьнан хIусамнана Хотек София а.

Дукхахболчу историкаша дуьненан хьалхара тIом болабаларан коьрта бахьана лоьру Г.Принципа дина зулам. Амма, и цхьа бахьана хилла ца Iара буьрсачу тIеман юьхь дIайоло гечо даьккхинарг.

1914-чу шеран асаран (июнь) беттан 29-чу дийнахь динчу талорехь вийра тIамана дуьхьал хилла, Европехь массара лоруш хилла, французхойн политик Жорес Жан.

Делахь а, коьрта бахьана Европехь хIоьттина экономикин къоьлла, хьоладайн сутаралла яра.

Баттахь гергга дипломатийн тIегIанехь къамелаш динчул тIаьхьа, Австро-Венгрис тIом дIахьебира Сербига.

Сербехь болчу славянашна ницкъ бойтуш Iойла дацара Россин. Цундела Россин паччахьа Николай ШолгIачо дIакхайкхийра ша Сербина орцахвала кийча хилар.

1914-чу шеран хьаьттан (август) беттан хьалхарчу дийнахь Кайзеран Германис тIом хьебира Россига.

Дуьне шина декъе декъаделла хеталора. Цхьана агIор Антанта, шена юкъайогIуш Росси, Франци, Ингалс пачхьалкх йолуш. Вукху агIор – Германи, Итали, Австро-Венгри йолуш.

ТIаьхьуо кхийолу пачхьалкхаш юкъаозийра, деа шаре бахбеллачу тIамо. Дуьненан хьалхарчу тIамехь дакъалаьцнарг ерриге а 38 пачхьалкх ю. Ткъа Россин эскарехь хилларг а, оцу къизачу зерех чекхваьлларг а 15 миллион кхо эзар стаг ву.

КIезиг ца хилла царна юкъахь нохчий а. Даймахко орцадаьккхича даима а хьалхарчу могIаршкахь хуьлуш болу нохчий, шайн синош, могашалла ца кхоош, дера летта мостагIех. Церан доза доцчу доьналлех, майраллех, бIаьхаллин хьуьнарех лаьцна зорбанехь дисина тоьшаллаш дукха ду.

Кхин хIумма а ца хилча а, гIараваьллачу оьрсийн яздархочун Толстой Леван кIанта Ильяс язйина «Алые башлыки» очерк тоьар яра вайн махкахойн бIаьхаллин хьуьнарш довза, царах вайга хIоранга дозалла дайта.

1915-чу шеран юьххьехь и очерк зорбане яьлла Москвахь арадолучу «Дом печати» журналан агIонаш тIехь.

ТIаьхьуо, Кавказехь арадолуш мел хиллачу газеташа юха а зорбатоьхна хилла и очерк. Массарел хьалха иза зорбане яьккхинарг 1915-чу шеран чиллин (февраль) беттан 25-чу дийнахь арадаьлла «Терские ведомости» газет ду.

Шен дас санна, воккхаверца, дуьйцу Толстой Ильяс кавказхойн амалх, синъондаллех, бIаьхаллин корматаллех. Ткъа уггаре а коьртаниг, цо билгалдоккху «акхачу» дивизин дошлой берриге а харачойн Зеламхин махкахой хилар.

Иштта, И.Толстойс дIахоуьйту дешархошна Кавказерчу дошлойн дивизех «акха» аларан бахьана. Церан массеран а коьртахь месала куйнаш хилла, чалбанех таръеш, тIехула хьарчийна цIен башлакхаш а йолуш.

Тарраш баттара даьхна, бIаьргашна тIететтина месала куйнаш долуш, говрашкахь вайн махкахой тIамана чухахкабелча, немцой кхералой, хIорш тIекхачале, бовдуш хилла, кавказхой акхачу адамех тарлой. Иштта яздо Толстой Ильяс шен «Алые башлыки» очеркехь.

Иза тIеман корреспондент хилла ву дуьненан хьалхарчу тIамехь. Кавказан дошлойн («акха») дивизи вовшахтоьхна хилла Россин паччахьан Николай ШолгIачун лаамца.

Iедалан низамца кавказхой, къаьсттина бусалбанаш, эскаре кхойкхуш ца хилла, шен лаамехь юкъаваха ойла хиллачунна, некъ боьхкуш ца хиллехь а.

1914-чу шеран аьхка кавказхойн дошлойн дивизи вовшахтохар гIебартойн къомах хиллачу подполковникан Клишбиев Султанбекан цIарца доьзна ду.

Цо хаам бо гIебартойн а, балкхаройн а яртийн дайшка дIаболалуш боккха тIом хиларан а, шайн махкара кегийрхой тIаме баха кийча хила безаш хиларан а хьокъехь.

ТIаккха Теркан областан коьрта хьаькаме Флейшер Сергейга телеграмма йохьуьйту гIебартой тIамана кийча хиларан хьокъехь.

Шега кхаьчна хабар Флейшера хазахетарца Тифлисехь волчу ерриге а Кавказан коьртачу хьаькаме инарле Воронцов-Дашков Илларионе дIадохьуьйту, иштта, сихачу телеграфаца. Ткъа Воронцов-Дашковс и кхаъ паччахье Николай ШолгIачуьнга дIакхачабо.

1914-чу шеран мангалан (июль) беттан 26-чу дийнахь газеташа зорбане боккху и кхаъ. Ерриге Россехь дIасадаьржа, даима а оьрсийн паччахьна муьтIахь хилла гIебартой Россин мостагIашца лата кийча хилар а, Николай ШолгIачо, воккхаверца, царна баркаллин дешнаш аьлла хилар а.

Оцу хаамо карзахайоккху ерриге а Кавказ. Массарна лаьа сихонца тIеман ара дIакхача.

Хьаттан (август) беттан хьалхарчу деношкахь дуьйна нохчаша дIахоуьйту, шайна тIамехь дакъалаца лууш хилар. Масала, Шеларчу Боршиков ШоIипан кIанта ШахIида шена тIаме ваха лууш хиларан хьокъехь долу дехар до 1914-чу шеран мангалан (июль) беттан 27-чу дийнахь.

КIезиг бацара гIебартошца, ШахIидца йохье бевлла, тIаме баха сихбелла нохчий. Цхьана полкана юкъа виъ бIе стаг воьдуш хиллехь – нохчех кавказхойн дошлойн дивизехь дакъалаьцнарш 700 гергга стаг ву. Царах 22 эпсар, 3 тIеман чиновник, 1 молла, 643 дошло хилла, 25 стаг кега-мерсачу гIуллакхашна юкъаозийна хилла.

«Терские ведомости» газето тIечIагIдарехь, 1914-чу шеран хьаьттан (август) беттан 9-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь дIадолийна хилла нохчийн полк вовшахтохар.

1914-чу шеран хьаьттан (август) беттан 26-чу дийнахь, паччахьа, тIе куьг яздинчу омранца, вовшахтоьхна яьллачу нохчийн дошлойн полкан командир Святополк-Мирский Александр хIоттийна.

Нохчийн полкан отта (адъютант), штабс-ротмистаран чинехь волу Чермоев Орцин кIант Iабдул-Межед (Тапа) хIоттаво. ТIаме баха арабевлла нохчийн яхь йолу кIентий, йоккхачу Нана-Россин ойла йина, цуьнан кхолламна саготта хилла Iаш бацара.

Шайн халкъан а, цуьнан башхачу къонахийн а ойла еш хиллера цара. Оьрсийн паччахьан инарлаш кавказхойн доьналлех Iехабеллачу муьрехь Теркан областан инарла-губернатор хиллачу С.Н.Флейшарна тIекхечира уьш 1914-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан юьххьехь, нохчийн къоман цIарах дехар деш.

Ши бIе стаг вара Теркан областан воккхачу хьаькамна тIекхаьчнарг а, къоман цIарах дехар динарг а. Цара дийхира бехк-гунахь а доцуш, 1911-чу шарахь дуьйна Калугехь, набахтехь, Iазап токхуш волу Митаев Бамат-Гири-Хьаьжа а, Гайсумов СоIип-молла а таIзарх паргIатваьккхина, Нохчийчу цIавер зор.

Инарла-губернатора жоп делира церан дехарна. Амма Митаев Бамат-ГириХьаьжина доьгIна ца хиллера дай баьхначу лаьтта тIе цIаверзар. Мерза кхаъ дIакхачале, иза Калугехь дIаваьлла, 1914-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 13-чу дийнахь.

1914-чу шеран товбецан беттан 23-чу дийнахь набахтера аравалийтина Гойсумов СоIип-молла, Делан къинхетамца, Нохчийчу цIавирзина, къизачу Iедалан бала текхна ваьлла. Иштта дика кIентий хилла вайн Дуьненан хьалхарчу тIаме баха арабевлларш.

1914-чу шеран эсаран (октябрь) бутт юккъе боьдуш нохчийн полк Украине дIакхочу. Къаьсттина доккхачу дозаллица билгалдоккхура бIаьхоша кавказхойн дошлойн дивизин командир, оьрсийн паччахьан ваша Романов Михаил Александрович хилла хилар.

Шен бIаьхошка болчу ларамна кавказхойн духар а тIедуьйхира цо. Цунна тIехь даима чоа хуьлура, юкъах йихкина – шаьлта.

Нохчийн гIиллакхаш девзаш хиллачу Романов Михаила дошлошна магийтира «ты» алар а, вайнахана юкъахь «вы» боху дош лелаш доций хууш.

Паччахьан вешина товш яра нохчийн синъондалла, къаьсттина мехала хетара вайн махкахой лайн амалашка бирзина цахилар а, цхьанна хьесталуш цахилар а.

Нохчийн полк йоцург а, ГIалгIайн, ХIирийн, ГIебартойнБалкхаройн, Дагестанан полкаш хилла кавказхойн дошлойн дивизина юкъайогIуш.

«ГIезалойн» цIе йолуш, кхин цхьа полк а хилла. Оцу полкана юкъабогIуш хилла азербайджанаш, гIумкий, Кавказера гIезалой, доцца аьлча, тюркийн мотт буьйцу бIаьхой.

Бакъду, цхьаболу нохчий а хилла гIезалойн полкана юкъахь. Масала, эпсар Саракаев ИбрахIимБек оцу полкехь гездина ву бIаьхаллин некъаш. Шен къомах болчу нохчийн кегийрхойн Iуналла деш хилла иза, кхечу полкан эпсар хиллехь а.

Буьрсачу тIемашкахь дуьххьара дакъалацар Украинерчу Подольскан губернехь хилла нохчийн полкан, 1914-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь. ТIаккха, тIемаш беш, Галицине кхаьчна уьш, Шандровец, Волосате, Буковица меттигашкахь луьра тасадаларш хилла мостагIчуьнца.

БIаьхаллин хьуьнарш, доза доцу майралла гайтина вайн махкахоша. Цунна къеггина тоьшалла ду яздархоша Опрышко Олега, Брешко-Брешковский Николайс язйина книгаш. Шайн говзаршкахь цара цIарца буьйцу тIеман турпалхой, иштта, дуьйцу оьрсийн паччахьа царна делла хилла совгIаташ, чинаш.

Дера вайна массарна а хаьа царах цхьамма а мидалшка, орденашка сатесна тIемаш ца биний. Цара лардинарг шаьш схьадевллачу нохчийн къоман сий ду.

Россин дерриге а къаьмнаш орцахдевллачу хенахь, юьстаха ца Iийна вайн турпала дай. Уьш даима а хьалхарчу могIаршкахь хилла доьналла, майралла, къонахалла оьшучу муьрехь. Деа шарахь кхихкина Дуьненан хьалхара тIом.

Дукха турпалхой эгна тIеман арахь. Цхьана а кепара шеко яц турпала эгначарна юкъахь вайн махкахой хилла хиларан. Вайн дуьхьа шайн дахар дIаделла «Акхачу» дивизин дог майрачу дошлоша, вайн турпалчу махкахоша, яхь йолчу нохчийн кIенташа.

Церан сирла аматаш нохчийн халкъан иэсехь даима а даха хьакъ ду. Нохчийн къоман истори серлаяьккхина турпал цхьа агIо ю церан доьналлех дуьззина хилла бIаьхаллин некъаш.

Тахана вайх хIорамма а дозалла до царах.

ГАЗИЕВА Аза
№56, мангалан (июль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: