Дависа хьан, ветанийн зама

Сан иэсехь деха и башха сурт. 40 шо я кхин а хьалха хилла. Тхан деда а, цуьнан вежарийн а, деден шичой дийна болу хан яра иза. Вуоне-дикане баха цхьаьна арабовлура уьш. ХIинца санна машенийн шорто яцара. Дукха хьолахь, автобуса тIехь бахар а, бахкар а нислора церан.

Диканаш-м воккхалле лестича дукха тергал деш а ца хиллера. Амма тезеташка бахар кест-кеста нислора церан, хIинца вайн санна.

Тхан урам серлаболура, тIе цIена бедарш юьйхина, къаной гучубевлча.

Къаьсттина кхечу юьрта тезета боьлхуш дукха хаза кечлора уьш. Цхьабосса, сийна, я боьмаша, галпеш йолу хечеш хуьлура массарна тIехь. КIади а тIергIачу тех дуьйцина шевет, коверкот я бостон хуьлура, тароне хьаьжжина. Нелхан басахь йолчу чучанцин (ткань чусенция) киталш хуьлура тIеюйхина. Мел йовха елахь а, коьртахь нохчийн холхазан куй хуьлура. Цкъа а, цхьаьннан а логгера яьккхина нуьйда а ца хуьлура аьхкенан чиллахь а. Мел йовха хиларх, когара этка я маьхси ца йоккхура.

Бакъду, шело чIагIъеллачу муьрехь кетарш хуьлура тхан къаношна тIехь. тхан денанас (Дала декъалйойла), олура: «Зуда йолчу зудчун, «Же-яма» – аьлча, сихха тIедуьйхина араяла цIена ши чкъор хила деза!».

И «Же-яма» а, дукха хьолахь, зударий белхарга баха безаш меттиг нисъелча олуш хилла.

Оцу духарна юкъайогIуш хилла ши пазат, деха пхьош долу коч, тIам тIехьа таса таро йолуш доккха гуьлмаьлда я шипон, хIуо-мархашка хьаьжжина когайоха мачаш. Когахь пазат йоцуш зуда када а яхар эхь лоруш хилла. Доца пхьош долу коч юьйхина баххане а боьлхуш ца хилла вайн наной нехан бохаме. Коьртара мас къайлайоккхуш хилла.

Дукхахболу зударий, къеггина къорза, цIен, торгIала, доца пхьуьшаш долу кучамаш тIеюхий боьлху тахана белхарга. Массо а зудчун карахь ловзош телефон хуьлу. Белхаргахь деш долу эрна къамелаш дуьйцур дац вай… Шина-кхаа минотехь «Iалелай-вададай» олий маьхьарий хьокхий, тIаккха вайн зударий тобанашка бекъало шайн эладитанаш сийсо. Эхь ду иза! Вайн наноша лелийна дац и тайпа гIуллакхаш. Уьш хаза, оьзда чекхбовлуш хилла шайн кадам беш.

Совнаха къамелаш деш ца хилла. Хьалха адамийн ларам хилла вовшашка. Уггаре а хьалха тIерачу духаро гойтуш хилла иза. Амма кхин гIоле хьал божарийн тезетахь а дац. Гиний шуна вайн кегийрхой тезетахь лаьтташ? Изза тобанаш хуьлу маьI-маьIIехь лаьтташ.

Воккхачун багара дош доллушехь, тохара санна, оьшучунна дIахьалха кийчча лаьтташ бац кегийрхой. Воккхачо бечу хьехаме ладугIуш стаг вац.

Хьалха доца пхьош долу коч юьйхина урам-новкъа волуш ца хилла стаг. Тахана майка (футболка) юьйхина тезетахь лаьтта. Когахь мача йоцуш хьалха лулахойн чувоьдуш ца хилла. Ткъа хIинца когахь пазат йоцуш, тударгаш туьйдина тезеташкахь лаьтташ хуьлу вайн цхьаболу кегийрхой. Уьш дай-наношна ца го. Нагахь санна, чохь елахь, хIусамнанас а ца олу: «ХIай стаг, хьо-м тезета воьдуш вай, хьайна тIе мегарг коч-мача юха!».

Ткъа нохчийн халкъан барта кхолларалло мел хаза хIоттадо къонахчун васт.

«Логгера вета ца боккхуш», – аларца билгалйоккху стеган оьздангалла.

ХIинцалечарна-м чет даржийна латтар а дозалла хета. Хьалха бераш тезетана аьттехьа дуьтуш ца хилла. Ткъа хIинца, тезетахь лаьттачу дена тIедогIий, беро пхьарс дIаийзабо: «Папа, ахь со туькана вуьгий (юьгий)?», – бохуш.

КIеззиг хьалха воккханиг волчохь (тезетахь-м хIунда дуьйцура) шен бере дIахьажар а осала лорура. Тоххара, сан бераллехь, нанас шарахь цкъа, кийланах сом доккху кемпет эцча а, «марха досту» де хетара.

ХIинца-м диъ-пхи шо кхаьчна бер дас дийнахь шозза дуьгу туькана, милла велла латтахь а, «хрустяшкаш, чипсаш» эца.

Советийн Iедал уггаре а чIагIделлачу хенахь а, вайн дайша хIайкал санна, лардеш схьадеана нохчийн тезетан гIиллакхаш. Амма хIинца цхьайолчу меттигашкахь гулделла гIиллакхаш лелор. Тахана массарна багадирзина вайн зударийн а, мехкарийн а, гIалаташ, анташ дийцар.

Дуккха а нийса дерг а ду зударий нохчийн гIиллакхийн хорша берзо луучара дуьйцучуьнца. Бакъду, Соьлжа-ГIалин урамашкахь сегIаз Iуьйшуш, шен берийн беран хила тамехь йолу футболка юьйхина вогIучу гIеметтахIоьттинчу стагах бIаьргкхетча, дуьненах а чам болу.

Ткъа и саннарш, мел халахеташ делахь а, болуш бу вайн коьртачу шахьаран урамашкахь, хьовха, тезеташкахь а.

Цундела ойла йо: «Дависа хьан, ветанийн зама, тхан дайн гIиллакх-оьздангалла эцна, ма гена ели хьо», – олий.

А.САЙПУДИНОВА
№56, мангалан (июль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: