Керла школа ю еш

ХIара карара шо беркате хилла Итон-Кхаьллан кIоштарчу ГутIерчу бахархошна. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс юкъяьккхинчу лаьмнийн кIошташ кхиоран программица кхузахь еш ю юкъарадешаран школа.

КIоштан дешаран декъан хьаькама Рабуев Iабдурохьмана дийцарехь, таханлерчу хьоле кхача дуккха а белхаш кхочушбина кхузахь.

– Аьхке яьлча бохуш, Iен таро яцара тхан, – дийцира цо, – вайна ма-хаъара, шийла деана ца хиллехь а, Iаьнна юккъехь а дIаболийра школин гIишло яран белхаш. Ала деза, кIоштан коьртачу шахьара Итон-Кхаьлла боьдучу некъана 9 километр лакхахь, лаьмнашна юккъехь, Iуьллуш йолчу юьрта боьду некъ, лаьмнийн хиларе терра, атта бац. Шозза хала бу хIара ца бевзачарна. ХIора а чаккхарма тайп-тайпанчу амалца къаьста кхуьнан. Цхьанхьа лаьмнашна гонаха лаьхьанах хьийза, вукханхьа Iинна йистехула болу, кхечанхьа чукхозучу тархийн IиндагIашкахула чекхбаларна, даима тIеда а, сазлатта тесна а хуьлу. Кху некъаца кира лелочу яккхийчу машенашна кийча бетон а, цуьнан коьчалш а тIеян атта хир доцу дела, жагIа а, цемент а, тIулг а яккхийчу машенашца тIеоьзна гIишлошъярхоша. Мегарг Iа чекх а далале чекхбевлира саьнгар яккхаран а, цу чу бетон йоттаран а, гIишлонна бух боттаран а белхаш. Ницкъ кхочучу кепара, цхьа а де белхаза ца дохуьйтуш, къахьоьгуш бу гIишлошъярхой, тахана пенаш доттаран белхаш дIаберзо герга бу уьш.

– ГIишлошъярхойн белхан эвсаралле хьаьжча, дешаран керла шо долалуш, школа йина яьлла хир аьлла, сатийсам бу тхан, – билгалдаьккхира Рабуевс. – Тхан кIоштахь а кхуьнга кхочуш школа хир яц. Яккхий классийн чоьнаш, актови а, спортан а залаш, предметийн а, медицинин а кабинеташ, кхача кечбаран а, бааран а чоьнаш. Доцца аьлча, хIинццалц тхуна мел эшна а, муьлххачу а вайзаманан школашкахь йолу а меттигаш хир ю кхузахь.

– ХIара башха совгIат гуххойн берашна республикин Куьйгалхочун беркатца хиларна, цунна баркалла баьхна а ца довлу тхо, – бохура школин директора Идигова Маликас а. – Дуккха а шерашкахь тхан бераша ширачу, тишачу школин готтачу чоьнашкахь дешна. Берийн а, хьехархойн а синкъерам кIезиг хиларх лаьцна ца дийцича а, тиша меттиг мел гIиртича а къегина ца хуьлу. Тхо хьаьгна ду сирлачу чоьнаш чохь деша. Школин хьехархойн, белхахойн, дешархойн коллективана алссам керла декхарш тIеоьгург хиларх цхьа а шеко яц тхан. Тхо кийча ду оцу жоьпаллина. Иштта, тхайн юьртахойн гIо-накъосталлех а теша тхо.

ГутIера школа а, цуьнга терра, республикин Куьйгалхочун лехамца еш йолу муьлхха а гIишло а, цо шен леринчу тидамехь латтайойла хаарна, тхо тешна ду, товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь ГутIерчу керлачу школин неIарш дешархошна схьайоьллург хиларх.

Дала тIахье беркате йойла!

Т.САРАЛИЕВА
№56, мангалан (июль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: