Соьлжа-ГIалахь дуьненаюкъара «Орфей – 2019» фестиваль-конкурс дIахьур ю

Нохчийн Республикин культурин министерствос, Россин Федерацин культурин министерствон хаамийн а, финансийн а гIоьнца, СССР-н халкъан артистан Магомаев Муслимана лерина дуьненаюкъара «Орфей–2019» фестиваль-конкурс дIахьур ю хьаьттан (август) беттан 15–17-чуй деношкахь.

Конкурс шина муьрехь дIахьош ю: хьалхара мур видеозаявкашца дIабаьхьна асаран (июнь) беттан 1–30-чуй деношкахь. Ткъа шолгIа, очни кепара мур, Соьлжа-ГIалахь дIахьур бу хIокху шеран хьаьттан беттан 15–17-чуй деношкахь.

«Орфей–2019» фестиваль-конкурсах лаьцна хаам Нохчийн Республикин культурин министерствон сайта тIехь хIокху адресца карор бу www.mk-chr.ru.

Конкурсехь дакъалаца лаам болчара шайн заявкаш чуяла мегар ду конкурсан хIокху электронни адреса тIе: orpheus_mk@mail.ru.


№56, мангалан (июль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: