Соьлжа-ГIалин №57 йолчу школин дешархой экскурсехь хилира Республикин экологин-биологин туьшахь.

Туьшан керта бовллушехь, берийн бIаьрг тIехIоьттира аьрру агIор долчу хесашна. Цигахь кхуьуш помдораш а, наьрсаш а, гIабакхаш а яра. ГIалахь кхуьуш долчу берашна хасстоьмаш кхиош гар доккха хIума дара.
Нанас базарахь эцна чудохьуш долу хасстоьмаш муха, мичахь кхиош ду, шеран муьлхачу муьрехь кхуьу уьш, и дерриге а довза лаьара берашна.
Туьшан методиста Сулипова Саждата дешархошна дийцира шайн доларчу хесашкахь кхиош долчу хасстоьмех лаьцна.
Дийцира церан хIу маца таса деза, асар муьлхачу муьрехь дан деза, иштта, кхидерг а.
Хасстоьмаш кхиоре терра, стоьмаш кхиош бошмаш а ю туьшахь.
Тайп-тайпанчу стоьмийн дитташ ду, моггIара дIадийгIина, хIутосург (май) баттахь дуьйна эсаран (октябрь) бутт тIекхаччалц, шайн-шайн рогIехь стоьмаш ло цара.
Бошмашкара хьал довзийтинчул тIаьхьа, Сулипова Саждата гIишло чухула экскурси йира дешархошца. ХIора кабинета чу а буьгуш, туьшан белхахойн декхарш довзийтира царна.
Цул тIаьхьа, чIерий чохь долу аквариумаш а, уьнтIапхьидарчий а, тотеш а йолчу зоологин отделехь хилира бераш. Царах лаьцна дуккха а дийцира Саждата.
Шайн кегийчу доттагIашна яахIума луш, куьг хьокхуш, самукъадаьлла хьийзара бераш. Шаьш цIахь кхобучу кегийчу акхаройх лаьцна дийцира цара.
Зоологин отделера арабевлча, соьналла йолчу агIор бигира дешархой. Нохчийчохь кхуьуш йолчу соьналлех лаьцна дийцира Саждата, иштта, наггахь бен кхуьуш йоцчу а, хIинца вайн махкахь лело йолийначу а бецех дерг а довзийтира.
Дуккха а керланиг девзира берашна. Юх-юха а хаттарш деш, массо а хIуманна духе кхиа гIертара уьш. Стоьмех, хасстоьмех, вайн махкахь кхуьуш йолчу соьналлех а, чохь кхаба мегаш долчу кегийчу дийнатех а лаьцна шайна хуушдерг тIедуьзира дешархоша.
Республикин экологин-биологин туьшан методистана Сулипова Саждатана даггара баркалла элира Соьлжа-ГIалин №57 йолчу школин дешархоша.
ВЕГИЕВА Макка
№56, мангалан (июль) беттан 26 де, 2019 шо