Оцу жамIаца эша хьакъ бацара

Футболах ловзарехь Россин Премьер-лигин чемпионатан шолгIачу турехь Соьлжа-ГIалара «Ахмат» хьошалгIахь Екатеринбургерчу «Уралца» левзира.

Юьххьехь билгалдаккха лаьа «Уралца» долу ловзар цкъа а атта ца нисло «Ахматана».

Ала дашна, стохка, Екатеринбургехь хиллачу цхьаьнакхетарехь а, жамI 2:1 долуш, толам баьккхира хIусамдайша.

Амма хIокху шарахь кхин а бIаьрла хилира «Уралан» ловзар а, толам а. Хьешийн ницкъ ца кхечира ян ма йоггIу царна дуьхьало ян.

Бакъду, хьалхарчу таймехь мелла а дика ловзура «Ахматан» футболисташ. Шайн ков лардина ца Iаш, наггахь хIусамдайн кевнна кхерамаш а туьйсура.

Делахь а, дерриге а хийцира хьалхарчу таймана тIетоьхначу хенахь «Уралан» тIелатархочо В.Ильина вайн кевна чу буьрка тохаро – 1:0.

Оцу кхиамо догойла ир-карахIоттийначу екатеринбургахоша кхин а ира а, чулацаме а футбол гайтира шолгIачу таймехь.

Матчан 58-чу минотехь «Ахматан» кевнахочун Е.Городовн дог дохийра Голландерчу хавбека Отман Эль-Кабира – 2:0.

Цхьаьнакхетар чекхдала йисинарг 12 минот йолуш, хIусамдайн полузащитника Ю.Бавина тоьхна буьрка юха а вайн футболисташа лардечу кевна чу яхара.

Чаккхенан жамI 3:0 долуш, толам баьккхира «Урало». Амма оцу жамIаца эша хьакъ яцара «Ахмат».

Иштта ледара ловзуш а бацара цуьнан футболисташ.

Делахь а, олуш ма-хиллара: «Футбол – футбол ю-кх, дагахь доццу жамI хуьлуш».

Хь.САЙДАЕВ
№56, мангалан (июль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: