Устрада-ГIалин Депутатийн кхеташонехь бинчу сацамца нийса а догӀуш, оцу гӀалин мэран декхарш кхочушдар тIедиллина Кадыров Хас-Мохьмадна.

Кадыров Хас-Мохьмад, хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Соьлжа-ГӀалин мэран а гӀоьнча лаьттина а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон Наркотикашца къийсам латторан урхаллина куьйгалла дина а, Соьлжа-ГӀалин чоьхьарчу гӀуллакхийн урхаллин хьаькам хилла а, делахь-хIета, доккха зеделларг долуш а ву.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана (ВКонтакте социальни сетерчу агIонехь) билгалдаьккхира шех тешийначу балхаца Хас-Мохьмад ларориг хиларх ша дог тешна хилар.
Цо дийцарехь, Х-М.Кадыров бахархошца юкъаметтигаш лело хууш, церан проблемаш, гIайгIа-баланаш бевзаш, уьш ца хилийта дан дезарш дика хууш ву.
А.ХАТУЕВА
№57, мангалан (июль) беттан 30 де, 2019 шо