Т.Мусаевн цIарах маьждиг хир ду Майртуьпахь

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ВКонтакте социальни сетерчу шен агIонехь яздина дIадаханчу кIиранах нохчийн халкъана боккха иэшам хилла хиларх – бакъдуьнена вирзина Шелан кӀоштан чоьхьарчу гӀуллакхийн отделан хьаькам Мусаев Тамерлан.

Р.Кадыровс билгалдаьккхира иза чIогIа майра бIаьхо а, дика куьйгалхо а хилла хилар, бахархойн паргIато а, кхерамазалла а ларъярехь цо къахьегна хилар.

«Россин а, Нохчийчоьнан а иштта дика кIентий дагахь латто а, церан сий дан а, царах лаьцна дерг тIаьхьенаша тIаьхьенашна довзийта а декхарийлахь ду вай. Цундела, Мусаев Тамерланан цӀарах керла маьждиг дан сацам хилла тхан, Курчалойн кӀоштарчу Майртуьпахь, иза винчу юьртахь. Цу хьокъехь ас хаам бира суо цуьнан тезета ваханчу хенахь», – дийцира республикин Куьйгалхочо.

ХIокху деношкахь Мусаев Тамерланан цIарах долу маьждиг дан долийначу майданахь хилира Кадыров Рамзан шен накъосташца а, Майртуьпарчу бахархошца а цхьаьна.

Цу дийнахь, оцу майданахь гулбеллачара зуькарш а дира, иштта, Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас циггахь маьждигана бух буттуш, цу буха капсула йиллира.

Керла маьждиг 5 эзар стагана лерина а, Нохчийчохь даьржинчу архитектурин ламасталлин куц-кепехь а хир ду.

А.ГИРИХАНОВА
№57, мангалан (июль) беттан 30 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

1 комментари йазйина хIокху “Т.Мусаевн цIарах маьждиг хир ду Майртуьпахь” йаздарна бухахь

  1. Дала маьждигаш ма эшдойл вайна. Кхин мелл дерга-м лалурдар, маьждигаш хилчхьанна.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: