ДIадаханчу пIераскан дийнахь, мангалан беттан 26-чохь, Веданахь схьайиллира Россин Пенсин фондан Нохчийн Республикин Веданан кӀоштахь йолчу Урхаллин керла гӀишло.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима, Россин Пенсин фондан Нохчийн Республикерчу отделенин хьаькама Ахмадов Мохьмад-Эмис, кхиболчу официальни наха, Веданан кIоштан бахархоша.
Республикин Куьйгалхочо керла гӀишло схьаелларца декъалбира кӀоштан бахархой а, иштта, Ахмадов Мохьмад-Эми а.
Кхузаманахьлерчу лехамашца йогӀуш йинчу керлачу гIишло чохь кхоьллина бахархошна а, белхахошна а мел оьшуш долу хьелаш.
Пенсин фондан урхаллехь керлачу гIишлонца цхьаьна юкъаялийначу керлачу технологех дерг аьлча, бахархойн хIинца таро хир ю электронан рагI йолчу системех пайдаэца а, оьшуш хилахь, урхаллин куьйгаллица дуьххьалдIа видеозIене бовла а.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхина ма-хиллара, Веданан кӀоштахь пенси оьцуш 10 эзар сов а, кхидолу ахчанаш оьцуш 7 эзар сов а вахархо ву.
Царах цхьанна, Закараева Дианина, ноналлин капитал эцарна долу сертификат шен куьйга дIаделира республикин Куьйгалхочо.
Иштта, Пенсин фондан меттигерчу отделенин дика къахьегарца билгалбевллачу цхьамогIа белхахошна Сийлаллин грамоташца совгIаташ а дира Р.Кадыровс.
Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, ламасте дирзина ма-хиллара, цIен аса а хадийна, гIишлоне хьаьвсира гулбелларш.
А.ВАХАЕВА
№57, мангалан (июль) беттан 30 де, 2019 шо