Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллехь хIокху деношкахь йоккха кхеташо хилира. Цигахь дийцаре дира Шела шахьарахь Кадыров Рамзанан цIарах долу коьрта маьждиг а, сийлахьчу эвлаяан Кишин Кунта-Хьаьжин (Дала къайле тойойла цуьнан) мурид хиллачу Дурди-Шайхан цIарах йолу хьафизийн хьуьжар а хьаьттан (август) беттан 23-чу дийнахь даздаран хьолехь схьаелларна кечамаш баран хьокъехь долу гIуллакхаш.
Оцу мехалчу кхеташонехь дакъалоцуш вара Россин Пачхьалкхан Думин депутат, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Делимханов Адам, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГIалас, Iедалан лаккхарчу даржашкара кхиболу нах.
Даздарш дIахьочу дийнахь билгалдеш ду Сийлахь Къуръан дешаран, адамех уггаре а дика хиллачу Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лерина байташ ешаран дуьненаюкъара конкурсаш.
Вайн республикин бусалбанийн динан урхалло хаамаш беш ма-хиллара, и дерриге а гIуллакхаш дIахьош ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 68 шо кхачарца доьзна.
Кхеташонехь Нохчийчоьнан муфтис Межидов Салахь-Хьаьжас билгалдаьккхира оцу даздаршка 43 пачхьалкхера 200 сов стаг кхайкхина хилар, шайх 150 дозанал арахьарчу пачхьалкхашкара хьеший хир бу, шайна юкъахь муфтиш, министраш, Iеламнах болуш.
Цул сов, Россин тайп-тайпанчу регионашкара 30 сов стаг а ву вогIур волуш.
Даздарш дуьненахь довзийта богIур бу дозанал арахьарчу шуьйрачу хаамийн гIирсашкара векалш. Лаххара а 10 пачхьалкхера журналисташ хир бу цигахь.
Цуьнга хьаьжжина, даздарш дIадахьарна леррина кечамбан безаш хилар чIагIдира кхеташонан дакъалацархоша. Билгалбехира оцу гIуллакхна жоьпалле берш. Царна хьокъала доллу тIедахкарш дира.
Д.АНАДЕВ
№57, мангалан (июль) беттан 30 де, 2019 шо