Наркотикашна дуьхьал къийсам дIахьо
Хьалхо бина хилла хаам таллархьама, оперативни-лахаран мероприятеш дIахьочу хенахь Хьалха-Мартан кIоштан ГIойтIа юьртахь полицин белхахоша сацийра 1983-чу шарахь вина волу меттигера вахархо.
Таллам дIабаьхьча, вахархочуьнгахь, кара а йина, тешаш а болуш, схьаяьккхина ораматех схьаялар долу, марихуанах тера йолу, 170 грамм гергга наркотик.
Бакъо талхийначунна тIедиллина полицин отделе вар.
Иштта, оццу кIоштан Гихта юьртахь, наркотикаш лелорна шеко кхоллаелла, сацийна 54 шо долу вахархо. Цуьнгара схьаяькккхина 20–30 грамм гергга кIомал.
Схьаяьхна наркотикаш таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийн-криминалистикин туьше.
Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьяхь билгалдинчу зуламан билгалонаш ю лакхахь хьахийначу бахархоша динчу зуламашкахь. Таллам дIахьош бу.
Масех некъан-транспортан бохам хилла
Нажи-Юьртан кIоштарчу Бена юьрта богIучу новкъахула вогIуш хиллачу, 1994-чу шарахь вина волчу «ВАЗ–2107» автомашенан водитела, урхалла дарца ларацавар бахьанехь, шен автомашен саьнгар чу тоьхна.
Некъан-транспортан бохам бахьанехь чIогIа лазийна хилла вахархо (водитель) Гуьмсан кIоштан больницин реанимацин отделене вигира. Йохийна автомашен бохам хиллачу меттера дIайигна.
Соьлжа-ГIалахь, Айдамировн а, Чукотски а урамаш къаьстачохь, ши автомашен вовшах а кхеташ, некъантранспортан бохам хилла.
Айдамировн урамехула вогIуш хиллачу 1990-чу шарахь вина волчу «Газель» автомашенан водитела, шен автомашен тIетоьхна 22 шо долчу Грозненски кIоштан вахархочун «ВАЗ–21099» автомашенна.
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо бинчу хаамца, некъан бохамехь лазийнарш, кхелхинарш бац.
Гуьмсан кIоштан Азамат-Юьртахь а хилла кхин цхьа некъан-транспортан бохам: «Гуьмсе – Азамат-Юрт» а, «Гуьмсе – Азамат-Юрт – Къеди-Юрт» а автомобилийн некъаш къаьстачохь вовшахкхетта 1983-чу шарахь вина волчу Нажи-Юьртан кIоштан вахархочо урхалла деш йолу «ВАЗ–2115» автомашен а, 2000-чу шарахь вина волчу Дагестан Республикин вахархочо урхалла деш йолу «Лада–211440» автомашен а.
Некъан-транспортан бохамехь лазийна автомашенийн ший а водитель, шина автомашена чохь хилла 1991- чуй, 1993-чуй шерашкахь вина волу ши пассажир а. Лазийнарш Гуьмсан кIоштан больницин травматологин отделене бигна.
Иштта, некъан-транспортан бохам хилла Грозненски кIоштан Чурт-ТогIи юьртахь, «Девкар-Эвла – УстрадаГIала» автомобилийн некъан 10-чу километрехь.
«Рейсер» мотороллерна урхалла деш хилла 54 шо долу вахархо, урхалла дарца ларацавар бахьанехь, некъа тIера гал а ваьлла, мотороллерца цхьаьна 2 метр кIоргачу Iинах вахана.
И бахьанехь ност а кагйина, больнице вигна иза.
Лакхахь хьахийначу некъан-транспортан бохамийн бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а къастош бу. Таллам дIахьош бу.
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службин гIоьнца хаамаш кечбинарг – I.МУРТАЗОВ
№57, мангалан (июль) беттан 30 де, 2019 шо