Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин Аллей» Мемориалан комплексехь «Турпалхой» проектан жигархоша, вовшах а тоьхна, дIабаьхьира «Денбелла Турпалхой» гайтам.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Ибрагимов Iийса, республикин Куьйгалхочун гIоьнча, «Грозный» НПТРК-н директор Дудаев Ахьмад, «Турпалхой» проектан куьйгалхо Абдулвагапов Жабраил, шайн декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойн бераш, «Ахмат», «Путин», «Молодая Гвардия Единой Росии», «Юные Кадыровцы» боламийн жигархой.
Шайн декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойн а, «Россин Турпалхо» цIе еллачеран а, иштта, доьналла гойтуш, шайн дахар дIаделлачу маьршачу нехан а суьрташ дара гайтаме дехкина.
ХIора а суьртана бухахь яздина дара турпалхо мила ву, мичара, хьенан ву, шен дахар дIа а луш, исторехь виссал, цо гайтина хьуьнарш.
«Денбелла Турпалхой» цIе чIогIа йогIуш тиллина яра гайтамна. ХIора а турпалхочун суьртана сиха тIе бIаьргхIуттуш, шен-шен меттиг яра билгалъяьккхина.
ЦIен аса а хадош, гайтам схьабиллинчул тIаьхьа, Алханов Руслан а, цуьнан белхан накъостий а бехха лаьттира суьрташка хьуьйсуш. Шайш белхан накъостий, юха а, карлабевлира царна.
Турпалхой цкъа а леш бац, уьш иэсехь а, исторехь а баха буьсуш бу. Амма, тешаме, майра, доьналла долу, яхь йолу къонахий юххера дIабовларо дуккха а эшам бо.
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана «Турпалхой» проектан жигархошна баркалла элира гайтам, вовшах а тоьхна, дIабахьарна.
Иштта, цо билгалдаьккхира, тIекхуьучу чкъурана шайн турпалхой бовза безаш хилар а, махко а, халкъо а церан сий деш хилар а, уьш цкъа а бицбеш цахилар а.
– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) Нохчийчуьра терроризм дIа а йоккхуш, нохчийн халкъ машаран новкъа даьккхира. Цо нийса а, беркате а гIулч яьккхира, таханлера хIара паргIато вайгахь хилийтархьама. Шен дахар а, са а дIаделла цо оцу новкъахь. КIезиг бац АхьмадХьаьжин новкъахь шайн дахар дIаделларш а. Вайн бакъо яц уьш бицбан, – элира Алханов Руслана.
Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Iийсас шен тидамехь латтадо республикин кегийрхой кхетош-кхиоран а, цаьргахь патриотизм кхиоран а гIуллакхаш дIадахьар.
Кегийрхойн «Турпалхой» организацина цо гIо-накъосталла а деш, оьшучохь хьехар а деш, цхьаьна вовшахтоьхнера «Денбелла Турпалхой» гайтам.
– Нохчийн дуккха а бу халкъан а, мехкан а дуьхьа шайн дахар дIаделла турпалхой. Царах а хIора а хьакъ ву шех лаьцна хаа а, довза а. Кегийрхошна шайн къоман истори йовзийта еза, ткъа истори турпалхой а боцуш ца хуьлу. Тахана гайтамехь бовзуьйтуш болчу турпалхойн цIераш, доьналла довзар а, истори йовзар ду, – элира Ибрагимов Iийсас.
«Денбелла Турпалхой» гайтам республикин гIаланашкахь а, кIошташкахь а дIахьур бу.
ВЕГИЕВА МАККА
№57, мангалан (июль) беттан 30 де, 2019 шо