Аьхке – библиотекехь: йоьшуш, дуьйцуш, ловзуш

Соьлжа-ГIаларчу республикин С.Михалковн цIарахчу берийн библиотекин куьйгалло хIора а аьхка дIахьош ю «Аьхке – библиотекехь: йоьшуш, дуьйцуш, ловзуш» программа.

Библиотекин директора Сайдумова Зулайс леррина терго латтайо берашна лерина йолу программа кхочушъярна тIехь.

Берийн амалш, лаамаш дика бевзаш йолчу цо, церан дог-ойла ир-карахIотторхьама а, масал хилийтархьама а шаьш долчу сих-сиха бевзаш болу нах кхойкху.

Иштта, берийн библиотекехь рогIера хьаша хилира Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди.

Доккха совгIат дара берашна, шаьш долчу Культурин министр вар. Хьешах лаьцна дийцира Сайдумова Зулайс. Цул тIаьхьа, цо дийцира нохчийн культурин министерствон балхах лаьцна.

Дааев Хож-Баудис ша жима волчу хенахь, шена уггаре а дукхаезаш, ша дукха ешна хиллачу книгех лаьцна дийцира берашна.

Карарчу хенахь а, ша книгаш йоьшуш хилар а, адамо муьлххачу хенахь а (жима волуш, воккха хилча) книгаш еша езаш хилар а хаийтира цо.

– Дала адам хьекъал долуш кхоьллина. Амма и хьекъал кхио дезаш ду. Хьекъал кхиош ерг книга ю. Уьш яздархоша а, Iилманчаша а язйина ю. Вай царах пайда а оьцуш, вайн хьекъал кхио деза. Сан а, сан хенарчеран а бералла еккъа цхьана книгашна юкъахь дIаяьлла, ткъа шуна, тахана жимма хала ду. Гобаьккхина керла технологеш ю. Телевизорш ю, берийн самукъадаккхаран тайп-тайпана каналаш йолуш, компьютерш ю, шайна чохь дуккха а программаш а йолуш, иштта, телефонаш ю. Нагахь шу церан йийсаре гIахь, шуна пайдехь дерг кIезиг Iемар ду. Дера технологеш оьшуш, пайдехь ма ю, амма уьш шен барамехь лело хаа деза вайна, – элира Дааев Хож-Баудис.

Шен бераллера дуккха а хIуманаш дийцира министра, ша школехь муха доьшуш хилла, воккха хилча хIун говзалла караерзо лаам хилла, иштта дуккха а кхин долчух а. Леррина ладугIура бераша, юкъ-кара хаттарш а деш.

Къамелаш динчул тIаьхьа, книгашна тIебирзира цхьаьнакхетаран дакъалацархой. Бераша хIокху аьхка шаьш ешна книгаш йовзийтира хьешана. Оцу книгех шайн хетарг а довзийтира.

КхидIа шаьш еша лерина книгаш а, церан авторш а бовзийтира бераша.

Соьлжа-ГIалин №54 йолчу школин 8 классан дешархочо Кагерманова Селимас Нохчийн Республикин культурин министрана Дааев Хож-Баудина ша яьккхина байт йийшира. Министрана совгIатана шен байтийн гулар а елира йоIа.

Библиотекин къоначу книгашъешархошна совгIатана мерзалгаш яларца дерзийра цхьаьнакхетар.

М.ГЕРЗЕЛИЕВА
№57, мангалан (июль) беттан 30 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: