ХIора беран дагахь хIун ду, церан хIун сатийсамаш бу, церан хIун хьуьнарш ду хьовсуш, уьш кхиош бу Соьлжа-ГIалин Заводской районехь уггаре а хазачу меттехь долчу Берийн кхоллараллин цIийнан белхахой.
Дуьххьара, 1981-чу шарахь схьадоьллуш, «Пионерийн цIа» дара иза. Нохчийчохь тIом болчу хенахь берийн цIийнан гIишло йохийнехь а, болх ца сацийнера коллективо. 1988-чу шарахь берийн корматалла кхиоран декъехь болх болабо цигахь. Нохчийчуьра т1еман ц1е лаъеллача, 2000-чу шарахь юха а шен болх дIаболийра Берийн кхоллараллин цIийно. Цу хенахь дуьйна цигахь директор ю Абдурзакова Саунати.
Кху цIийнехь Iамош 895 бер ду, кхоллараллин 20 цхьаьнакхетаралла ю, 24 хьехархо ву, царех 4 лаккхара категорин квалификаци йолуш ву. Тайп-тайпана кружокаш ю кхузахь: «Акварелька», « Компьютеран дизайн», «Къона инспектор», «Говза куьйгаш», «Театр – кхолларалла – бераш», «Вайнехан этика», «Суртдилларан искусство», «Туьтешца юцар», «Къона говзанча», «Шен куьйгашца», «Хоран илли», «Информатика», «Седарчий», «Хореографи», «Лезгинка».
ХIора беран аьтто бу шена еза кружок харжа а, конкурсашкахь дакъалаца а. Цаьрца цу тIехь леррина болх беш бу кхузара хьехархой. Республикехь мел хуьлучу мероприятешкахь дакъалоцу бераша, толаман меттигаш а йоху.
15 шо хан ю Абдурзакова Саунатис шен деган йовхо берашна дIало. Шен ницкъ ца кхоош болх бо Саунатис. Деган йовхонца дуьйцу цо шен цIийнехь болх бечарех а, берех а лаьцна.
«Тхан болх – иза берийн говзалла гучуяккхар ду. Берийн хьуьнарш гучудаха деза, хIора берах теша а веза, и ша а тешийта деза, шега дукха хIума далург хиларх. Берийн похIма массо а агIор гучудаккха а, кхио а хьовсу цIийнан белхахой.
Шайна езачу кружоке дохуьйту оха бераш. Цундела, уьш шина-кхаа кружоке дIаязделла хуьлу. ГIиллакх-оьздангалла Iамадо оха берашна, цара и дика дIа а лоцу. Шаьш баккхий хилла, дуьненан хиламех кхета боьлча, тхуна схьа а богIий, даггара баркалла олу цара. Цу миноташкахь даккхийдедо тхо. Бераш нийсачу новкъа дахар, церан хьехамча хилар доккха ирс ду!», – дуьйцу Саунатис.
Берийн уггаре а самукъадолург хIун ду, шаьш цхьаьна самукъа муха доккху дуьйцу суртдилларан кружокан хьехархочо Кавтарашвили Маликас: «ХIокху заманахь берашна хьалхалерчу ловзарех ловза ца хаьа, замано дIадаьхна уьш. ХIинца хIораннан чохь компьютерш ю, карахь телефонаш ю, кегийчеран а, баккхийчеран а ловзар и ду. Делахь а, хьалхалерчу заманахь бераш стенах ловзуш хилла, муьлха ловзарш уггаре а даьржина хилла, церан бакъонаш юьйцуш, уьш карладоху оха. Лечкъаргех, гIулгех, тиш-туьппалгех, хьокханех ловзу тхо берашца. Царна чIогIа хаза а хета ловзуш, самукъадолий, кхин а ловзийта бохуш, ца Iебаш хуьлу уьш».
Шайн берийн цIийнехь де муха чекхдолу, шайна хIун хазахета дуьйцу дешархоша. «Со суртдилларан искусствон кружоке оьхуш ву, оха кхузахь дуккха а хаза суьрташ дохку. Сан самукъадолу кхузахь, суна кхидIа а, со кхузара ваьлча, суьрташ дахка лаьа, исбаьхьалин школе ваха а лаьа», – дуьйцу Кавтарашвили Ислама.
Берийн кхоллараллин цIийнера бевлла, кхузахь болийна некъ дIахьош бу нохчийн филармонин артисташ Хайдаров Майрбек, Нанаева Хьалимат, Умаева Элина, кхиберш. Цо гойту мел мехала ду, жималлехь дуьйна шен даго къобалдеш дерг лелор.
«Берийн цIийнехь хала бераш, буобераш, нана я да воцурш ду, заьIапхой а бу. Оцу массо а берана еш леррина терго ю. Цара дакъалоцуш мероприятеш ю тхан. Кхечу берашца цхьаьна хилча атта хуьлу царна, сиха дIаоь уьш, тайп-тайпана хьуьнарш гучудовлу. Вайн Iадаташ тIехь кхиийна ца Iаш, Россин культура йовзийтича, оцу берийн культура лакхайолу, истори Iамор, къаьмнашна юкъара доттагIалла чIагIдар а хуьлу», – дуьйцу директоран гIоьнчас Сапаева Ровзана.
«Даима а хаарш совдахар, хьо вехачу меттигца а, заманца а цхьаьна хилар» аьллачу шайн цIийнан кхайкхамца догIуш болх бо коллективо. Оццу кхайкхамца шайн хаарш совдоху кхузарчу бераша.
АВХАДОВА Хьава