ХIокху деношкахь Дзержинскехь (Нижни-Новгородан область) дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Россин чемпионат.

Цигахь дакъалоцуш вара Россин регионашкара 180 сов спортсмен.
Къийсадаларш деа дийнахь дIадаьхьира.
Вайн республикера цигахь дакъалоцуш вара МВД-н белхахо Ясумов Идрис (100 кг.).
Финалехь шеца леташ волу спортсмен эшийна, Идриса дашо мидал яьккхира.
Нохчийн Республикин МВД-н министра Р.Алхановс даггара декъалвира иза оцу кхиамца.
ХIокху шеран эсаран (октябрь) баттахь хинйолчу Дуьненан чемпионатехь дакъалоцур ду И.Ясумовс.
Цо доккха баркалла боху МВД-н куьйгалхочунна Алханов Русланна оцу кхиаме кхочуш шена гIо дарна.
З.ШИШХАНОВА
№57, мангалан (июль) беттан 30 де, 2019 шо