Нанин пираьнгаш

Ма хаза яра сан генарчу бераллера хан. ХIинца санна, тобелла хьал-бахамаш бацара нехан. РагIу кIел охьалахвала черт хилча доккха хIума хеташ хан яра. Истанг хилар-м гуьржийн куз баьрччехь болуш санна хетара.

Тхан денанас ламаз деш газанан цхьа цIока яра. Амма тхо цу тIе ког баккха, охьаховша бакъо йолуш дацара. Паччахьан гIант санна ларъеш яра иза.

Делахь а, вовшашна юкъахь марзо яра. Массеран а къамел кIеда-мерза дара. «Сан диканиг» олуш, хьостура жиманиг. ТIаккха баккъал а, хьуо дика ву моьттуш, иштта хьайга вистхиллачо аьлларг дина вала а кийча хуьлура. Къаьсттина дика яра тхан Нана. Иштта цIе дененан йоккхура оха.

Тхаьш динчу нанойх-м оха, массара санна, «мама» олура. Ткъа денана тхан йоккхачу кертан эла яра, доьзалан Iуналла даран архаш цхьангга а дIасаийзайойтур йоцуш.

Тхо дузор а, кхетош-кхиор а дененехь дара, дай-наний даима а балхахь хуьлура. Вайнах цхьаберш Казахстанера цIабирзина, кхиберш цIабоьрзу хан яра иза.

13 шарахь дай баьхначу лаьттах хьегийна мисканаш, цхьа мадар йина, чуберза ка-мIараш етта зама яра. Берриге а цIенош деш бара. Уьш буьйдачу кибарчигех деш дара. ЦIеношна кор-неI дIадоьгIна, тIе тхов тиллинчул тIаьхьа, деш дерг дерриге а наноша деш дара. Тхов тIе цIенкъа йоккхуш боккха белхи бора. Иза чIогIа хаза хуьлура.

Ткъа цIенойн пенашна поппар хьахар, кир тохар, басар хьакхар – и дерриге а наноша деш дара. Иза а, дийнахь сарралц, пачхьалкхан балхахь къахьегна, суьйранна цIабирзича я Iуьйранна балха дIабахале. Цундела тхан дахар, дукха хьолахь, Нанин бIаьргашна хьалха дIадоьдуш дара.

Уггаре а хьалха, Iуьйранна, деман худар дой, дерриге а цхьабосса охьаховшадой, дузадора тхо. Цуьнан веа кIентан бераш цхьана кертахь хьалакхуьуш дара. Наггахь тхан дейишин бераш а хуьлура тхоьца, хьошалгIа догIий.

Цундела деман худар Нанас доккхачу шуьна чу дуьллура, тIе шортта хьелийн даьтта, кIалд юьллуш. Иза массарна тоъал а хуьлура. Цхьаьна дууш самукъане а хуьлура. ТIаккха Нанас гIуллакхаш дойтура тхоьга. Уьш хала гIуллакхаш дацара: аттана цIов баккхар, эса дIалаллар, котамашна хIума тасар.

ПхьегIаш зудаберашка роггIана юьлуьйтура. Оха цIена ца йилина аьлла шена хетча, цуьрг тхох къа а ца хеташ, юха юьлуьйтура. Иштта, чу горгам хьакха а Iамадора.

«ДIаса ма хьийзае и горгам, аннийн дохалла хьакха», – олура денанас.

Ткъа делкъанна кхин цкъа а мерзачу шуьне гулдора тхо. Цхьа мерза локъамаш цо йора, цаьрца баа туьркийн я хьаьрсачу хьечийн берам а хIоттош. ХIинца-м иштта бинчу берамах «варени» олу. Цунах Iеминчу оха хIинца а берам олу, шекар тухуш, кхехкийначу стоьмех.

Суьйранна, шен кIентий а, несарий а балхара цIабахкале, кхин а яахIума кечйора Нанас: хингалш, чIепалгаш, далнаш, чуданаш. Ткъа баьпкаш мел мерза хуьлура Нанас доттуш хилла.

Iуьйрре кечбой, бод совса дIахIоттабора цо. Леррина цу гIуллакхна цхьана жимачу яй чохь лелош муьстарг хуьлура. Тахана цунах бод хьакхийча, кхана а оьшур юй хууш, юха кечйой, дIахIоттайора иза. ЦIеначу демах а, морзех а еш яра бод совсабуьллу муьстарг, цхьа а дрожжиш ца тухура цунах.

Бакъду, бепиг мерза-м хуьлура. Къаьсттина, пешара схьа ма-даккхара, довха долчу хенахь. Йоккхучу зайли чохь доттура бепиг, пешарчу алунехь. Иштта Нанас кIелдаьттанца даа даьттан чохь деттина мижаргаш дора. Уьш а чIогIа мерза хуьлура. Ахьарх-м Нанас дуккха мерза яахIуманаш йора. Амма суна цкъа а дагара ца йовлу цо еш хилла пираьнгаш.

ХIинца иштта мерза яахIуманаш хуьлуш а яц. Цкъа ахьарх хьовла дора, тIаккха цунах бIарийн дуккха а тIамарш иэйора. Юха и хьовла довха доллушехь, вайн горга хьолтIамаш санна, пираьнгаш йора. Жимма хьовла буйна оьций, цунах цкъа мижарг бой, тIаккха шен кхаа пIелгаца и мижарг ведбеш, цунах пираьнг йора Нанас.

Бакъду, наггахь бен м ца ца хуьлура и саннарг. Дукха хьолахь, марха достучу денна кечамаш беш йора, тхуна яа а, чудеанчу берана сагIина кховдо а. Нанин пираьнгашка марзделла, тхоьга дукха бераш догIура, марха къобалдан. Пираьнг ца кховдош Нанас уьш цхьа а кех ца долуьйтура.

Тхуна мел еза а яа хуьлура уьш. Цундела тхо даима а сатесна хуьлура марха досту де тIекхачаре. Нанин мерзачу пираьнгаша къагош хетара тхуна иза. Тахана дукха ду мерза даарш.

Делахь а, суна уьш цхьа а Нанин пираьнгашка кхочуш ца хетта. Бераллера мерза чам карлабоху иэсехь бисинчу дагалецамаша.

А.АРАПХАНОВА
№57, мангалан (июль) беттан 30 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: