ХIоранна а йолу таронаш

Россин Президентан В.Путинан Указаца билгалдаьккхина ма-хиллара, кху шеран кхолламан (январь) баттахь дуьйна кхочушъян йолийна, 2024-чу шаре кхаччалц болчу муьрехь, дешаран система итт новкъахула кхиор Iалашо хIоттош йолу къоман «Дешар» проект.

Пачхьалкхан Куьйгалхочо билгалдаьккхина къоман проекто Россин гражданийн дахаран дикалла лакхаяккхарна, хьал-де тодарна кхачоян декхар хилар.

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала дийцира и проект вайн регионехь кхочушъярх лаьцна.

– ИсмаьIал, къоман «Дешар» проектан коьртачу Iалашонех лаьцна ахь дуьйцийла луур дара тхуна.

– Президентан Указа тIехь билгалъяьхна проектан Iалашонаш – Россин дешар массо а меттехь конкуренци лело хьуьнаре хиларна, юкъарчу дешарехула дуьненан коьртачу итт махкана юкъаяхарна кхачояр, ткъа иштта, Россин халкъийн синъоьздангаллин мехаллашна, историн а, къоман культурин а гIиллакхашна тIехь массо а агIор кхиъна, социальни жоьпалла долуш волу стаг кхиор а.

Дешаран система кхиорехь коьрта биъ некъ билгалбо къоман проекто: цуьнан чулацам карлабаккхар, кхузаманахьлера оьшуш йолу инфраструктура кхоллар, хьокъала йоллу корматаллин кадраш кечъяр, уьш юхакечъяр а, церан корматалла лакхаяккхар а, ткъа иштта, оцу декъана тIехь урхалла даран санехь кепаш кхоллар.

Къоман проектана юкъайоьду федеральни 10 проект. Церан буха тIехь регионаша цхьаьнаялайо дешар кхиоран шайн программаш.

Билгалдаккха луур ду вайн республикехь регионан маьIнин бархI проект кхочушъеш хилар. Царна хьалха лаьтта къоман «Дешар» проектаца билгалйина Iалашонаш а, декхарш а кхочушдар: «Кхузаманахьлера школа», «ХIора беран кхиам», «Терахьан дешаран хьал», «Хиндолчун хьехархо», «Шайн гIуллакхан бакъболу къона говзанчаш», «Бераш долчу доьзалийн гIолацар», «Социальни жигаралла», «ХIоранна а керла таронаш».

Къоман проект кхочушъян йолийна ах шо хан бен ца яьллехь а, хIинцале а билгалйина уьш кхочушъяран кепаш а, гIирсаш а.

Россин Федерацин серлонан министерствос а, регионан правительствос а бархI бартана буха куьйгаш яздина хIокху шарахь федеральни бюджетера ахча даларан хьокъехь.

Оцу проекташна билгалйина харжаш 5 миллиард 272 миллион 622 эзар соьман барамехь ю. Цунах 5 миллиард 209 миллион 209 эзар сом федеральни бюджето къастош ду.

Ялх проектехула цхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь барт хилла Россин Федерацин серлонан министерствон а, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон а.

– Регионан проектех мелла а алсам ахь дуьйцийла луур дара. ХIун болх бу дIахьош «Кхузаманахьлера школа» проектан гурашкахь?

– «Кхузаманахьлера школа» проекто билгалдо дешархошна керла меттигаш кхоллар, кхоалгIа сменаш дIаяхар, материалан-техникин бух, дешаран программаш карлаяхар, Iаморан а, кхетош-кхиоран а керла кепаш юкъаялор.

Оцу проектана ахчанца кхачояран барамашца нийса а догIуш, федеральни бюджетера цунна къастийна 45,5 миллиард сом ахча, регионан бюджетера – 480 миллион соьмал сов.

Дешаран а, Iилманан а министерство болх беш ю регионехь дешаран дикалла лакхаяккхарна, цул хIумма а кIезигчу мехаллин доцчу гIуллакхна – юкъарадешаран организацешкахь кхоалгIачу сменашкахь дешар дIадаккхарна тIехь.

И гIуллакхаш Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан хаддазчу тергонехь ду.

ХьалхахIиттийначу декхаршца нийса а догIуш, кхочушдеш ду регионехь керла школаш яран гIуллакхаш, шайна юкъахь лаьмнашкарчу кIошташкахь а тIехь.

ТIаьхьарчу де а шарахь гIуллакх дан йолаелла юкъарадешаран учрежденийн 55 гIишло.

«Кхузаманахьлера школа» проект кхочушъяран гурашкахь кху шарахь йийр ю 6 940 меттигана лерина йолу 15 школа. Царех ю Гезлой-Эвлара, Керлачу Энганара, Илсхан-Юьртара, Жалкхера, Гуьмсан кIоштарчу Лаха-Нойбоьра юьртара, Гуьмсе, Устрада-ГIала, Шела гIаланашкара, Шелковски кIоштарчу Шелковски станицера, Соьлжан кIоштарчу Эна-Хишкара, Итон-Кхаьллан кIоштарчу ГутIа юьртара, Веданан кIоштарчу Бени-КIотар а, Зеламхин-КIотар ярташкара, Шуьйтан кIоштарчу Зонахара, Нажи-Юьртан кIоштарчу Оси-Юьртара юкъарадешаран организацеш.

Оццу проектехь билгалдеш ду республикин школашкахь берийн дешар терахьийн а, гуманитарни а декъехь кхиоран Iалашо йолуш йолу «Точка роста» туьшаш кхоллар.

Цара таро хуьлуьйту «Технологи», «Математика а, информатика а», «Физически культура а, дахаран кхерамазаллин баххаш а» санначу предметашкахула дешаран процессана кхузаманахьлера технологеш а, Iаморан керла кепаш а юкъаяло.

Оцу туьшийн буха тIехь иштта кхуьур ду кхоллараллин а, проектан а гIуллакхаш. ХIокху шарахь оцу тайпана 83 туш кхолларна лерина коьртачу декъана яртийн школашкахь карлабоккхур бу школийн материалантехникин бух. Туьшаш схьайоьллур ю товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь.

Иштта билгалдеш ду бIаьрзечеран а, бIаьрса ледара долчеран а школа-интернатана керлачу гIирсашца кхачояр. 2024-чу шарна тIекхочуш, юхакечйина хир ю заьIап берийн дешаран программаш цхьаьнаялийна (адаптировнные) йолу республикера бархI школа.

Цул сов, билгалдеш ду карлаяьхна юкъарчу дешаран ФГОС-ш а, юкъарадешаран программаш а юкъаялорна тIехьажийна дийнна цхьамогIа гIуллакхаш дар.

«Кхузаманахьлера школа» проект кхочушъяро хаъал боккха Iаткъам бийр бу юкъарчу дешаран системина модернизаци ярехь а, республикехь юкъарчу дешаран барам лакхабаккхарехь а.

– «ХIора беран кхиам» проект тIехьажийна ю берийн хьуьнарш, похIма гучудаккхаран, цуьнан гIолацаран, кхиоран санехь система кхолларна. Оцу проектан гурашкахь хIун дан билгалдеш ду республикехь?

– И проект кхочушъяр бахьанехь 5-нна тIера 18 шаре кхаччалц хенаш йолчу нохчийн берех 80 процент кхитIе а долчу дешарна юкъаозийна хир ду, царна юкъахь 70 процент цомгаш долу бераш. Иза иштта тIехьажийна ю берийн юкъарчу дешаран чулацам а, кепаш а карлаяхарна, кадрийн тIаьхьало кхиорна, кхитIе а долчу дешаран системин инфраструктурина модернизаци ярна.

Оцу балхана билгалбинарг пхи некъ бу: техникин, физкультурин-спортан, исбаьхьаллин-эстетикин, туристийн-мохкбовзаран, экологин-биологин.

Тахана Нохчийн Республикехь гIуллакх деш ю берийн кхитIе а дешаран пачхьалкхан а, муниципальни а учрежденеш. Церан буха тIехь шайн болх дIахьо цхьаъ-ах эзар гергга цхьаьнакхетаралло.

Проектан гурашкахь кху шарахь кхолла билгалдина кхитIе а йолу юкъаракхиоран программаш кхочушъярна лерина йолу 76 эзар меттиг.

2024-чу шарна тIекхочуш оцу меттигийн барам шозза алсамбаккха билгал а до. Проектан мехалчу гIуллакхашна юкъахь билгалдаккха лаьа 6–11-чуй классийн дешархоша хьалххе шайна корматалла харжаран гIирсаш кхиор, хIораннан шен-шен дешаран план хIоттор, ярташкахь физически культурин а, спортан а занятешна лерина болу материалан-техникин бух карлабаккхар, цхьаьнатоьхначу электронни портфолион гIирс юкъабалор, цомгаш долчу берашна кхитIе а дешарна тIекхачарна кхачояр, цуьнца цхьаьна генара урхалла даран технологех пайда а оьцуш. Алссам тидам тIебохуьйтур бу дешаран организацийн кадрашна а.

«ПроеКТОрия» проектан гурашкахь регионан дешархоша дакъалоцу хинйолу корматалла билгалйоккхуш долчу онлайн-гIуллакхашкахь. Цигахь царна довзуьйту мохк экономикин кхиоран коьрта дакъош, девза тайп-тайпанчу корматаллех, билггал декхарш кхочушдан йолчу таронех дерг.

2024-чу шарна тIекхочуш республикехь кхуллур ю ялханнал кIезиг йоцуш берийн «Кванториум» технопаркаш, ярташкахь дехаш долчу берашна лерина мобильни «Кванториум» ялх технопарк, ткъа иштта, дешаран «ПохIма а, кхиам а» фондана зеделлачух пайда а оьцуш, берийн а, кегийрхойн а хьуьнарш, похIма гучудаккхаран, гIолацаран, кхиоран регионан туш.

Цо юкъалоцур ду коьртачу а, юккъерчу юкъарчу а дешаран программашца доьшуш долчу берех 5 процентал кIезиг доцуш. Оцу проектана къасто билгалдина, дийнна схьаэцча, 11,6 миллиард сом ахча.

Оха хаддаза шарбеш-тобо похIма долчу берашца беш болу болх. Вайн дешархоша дакъалоцу Ерригроссин, регионашна юкъарчу къийсадаларшкахь а, конкурсашкахь а. Царна юкъахь къаьсттина йолу меттиг дIалоцу дешархойн Ерригроссин олимпиадо.

Кху шарахь немцойн маттехула дIаяьхьначу олимпиадин толамхо хилира нохчийн дешархо. Регионехь оьшуш долу дерриге а хьелаш кхоьллина похIма долчу берашна дешарна а, уьш кхиорна а. Президентан лицейн буха тIехь гIуллакх деш ю похIма долчу берашна лерина йолу физикин-математикин школа.

Хь.И.Ибрагимовн цIарахчу математикин школехь гIуллакх деш ю похIма долчу берашца болх баран «Вектор М1» туш а, берийн «Кванториум» технопарк а.

Министерствос иштта кхочушъеш ю, республикина керла йолу, дешархойн ерригроссин олимпиадашна бераш кечдаран «Олимп» проект.

– Вайн хенахь дешар тIеттIа алсам «терахьна» тIедолуш ду. Муха кхочушъеш ю «Терахьан дешаран хьал» проект?

– И проект кхочушъярца билгалдина 2024-чу шарна тIекхочуш кхузаманан а, кхерамазаллин а терахьан дешаран хьал кхоллар.

Цо кхачойийр ю хаамийн-коммуникацин инфраструктура карлаяккхаран, кадраш кечъяран, федеральни терахьан бух кхолларан некъаца дерриге а тайпанийн а, тIегIанийн а дешарна тIекхачарна.

Проектан гурашкахь республикехь билгалдо дешаран организацеш терахьан дешаран хьолан федеральни хаамийн-сервисан буха тIе довлар, «IT-куб» терахьан дешаран туьшаш кхоллар, царна 1500-нал кIезиг доцуш бераш юкъа а лоцуш, регионан ерриге а дешаран организацеш лаккхарчу чехкаллин интернетах дIахоттарна кхачояр. ХIокху шарахь оцу проектаца нийса а догIуш, регионан 94 школехь юкъаялор ю терахьан дешаран хьолан билггалчу Iалашонан модель.

И болх дIабахьарна къастийна 207 миллион соьмал сов ахча. Дийнна схьаэцча, оцу гIуллакхаша хаъал боккха Iаткъам бийр бу дешаран организацийн болх цхьаьнабалорна, хьелаш кхуллур ду лаккхарчу дикаллица дешар вовшахтоха.

Проектана ен йолу ерриге а харжаш 3 миллиард соьмал жимма алсам ю.

– Муха кхочушдийр ду хьехархойн корматалла лакхаяккхаран декхарш?

– «Хиндолчун хьехархо» проект коьртаниг санна билгалйоккхуш ю, хIунда аьлча, цуьнан бухехь Iуьллуш ду хьехархойн корматаллин тIегIа лакхадаккхар, шаьш стенна хьуьнаре бу гайта йолу таронаш а, кепаш а шоръяр, даржехь кхиоран керла кепаш кечъяр.

Регионан проектана хьалха лаьтта Нохчийчоьнан юкъарадешаран организацийн хьехархойх 50 процентал кIезиг боцуш шена юкъабогIуш йолу хьехархойн корматалла лакхаяккхаран къоман система юкъаялор.

Проектехь тоъалчу барамехь ю хьехархошца бечу белхан керла форматаш. Вайн республикехь хIора шарахь дIахьо хьехархойн корматаллин тайп-тайпана конкурсаш. Хьехархойн корматалла лакхаяккхарна тIехьажийна хаддаза болх дIахьош ю ЧИПКРО а, ЦОКО а. Юкъаялийна дешаран организацийн куьйгалхошна аттестаци яран система.

«Просвещение» издательствоца цхьаьна оха лакхайоккху математикин а, оьрсийн меттан а хьехархойн корматалла. Педагогикин дустарийн федеральни институтаца цхьаьна вовшахтоьхна физикин хьехархойн а, историн, обществознанин хьехархойн а корматалла лакхаяккхар.

Оха иштта кечйина хьехархо кхиоран регионан система. Регионан «Хиндолчун хьехархо» проектан гурашкахь 2020-чу шарахь дуьйна билгалдеш ду, кхузаманахьлерчу терахьийн технологех пайдаэцаран буха тIехь говзалла хаддаза лакхаяккхаран туьшаш кхоллар.

Ткъа 2024-чу шарна тIекхочуш оцу системина юкъабахана хила декхар ду 50 процентал кIезиг боцуш хьехархой. Иштта юкъаялор ю юкъарадешаран организацийн куьйгалхошна аттестаци яран система а.

Проект кхочушъяран жамIаша хаъал боккха тIеIаткъам бийр бу хаддаза а, цхьанаэшшара а хьехархойн корматалла лакхаяккхаран система кхолларна, зеделларг вовшашна довзийтаран корматаллин ассоциацешкахь, программашкахь дакъалацарна, хьехархойн корматаллин кхитIе а дешаран программаш кечъярна а, кхочушъярна а болх луш берш юкъаозорна хьелаш кхолларна.

Регионан проектан жамIаша таро лур ю къона говзанчаш дешаран организацешна юкъаозорна кхитIе а гIоленаш кхолла, тIаьххьарчу чоьтехь Россин дешаран дикалла лакхаяккхарна кхачоян. Проект кхочушъеш 212 миллион соьмал сов долчу ахчанах харжаш ян билгалдина.

– Цхьа шо хилла ца Iа вайн студенташа корматаллин «WorldSkills» а, «Абилимпикс» а конкурсашкахь дакъалоцу. Кхин муьлха гIуллакх кхочушдар билгалдо «Къона говзанчаш» проектан гурашкахь?

– Регионан «Къона говзанчаш» проектана хьалхалаьтта дуьненаюкъарчу стандарташа, хьалхелелочу технологеша беш болу лехамаш хьесапе а оьцуш, лаккхара корматаллаш йолу кадраш кечъярна хьелаш кхоллар. Цо билгалдо тайп-тайпана программаш юкъаялоран чоьтах корматаллин дешарна модернизаци яр.

Оцу проектан гурашкахь билгалдо жигарчу боларшца корматаллина кечамбаран туш кхоллар. Цигахь студенташ ша-ша къастош Iамор бу хаьржинчу корматаллина, кхузаманахьлерчу гIирсашца кечъеш кхуллу йолчу 50 (мастерскойх) пхьалгIанехь хIоранхьа а цхьацца говзалла Iамор ю.

Кхин цхьа декхар а ду хьалха лаьтташ – 2024-чу шарна тIекхочуш, республикин техникумашкахь а, колледжашкахь а доьшуш болчарах 25 процентал кIезиг боцуш, демонстрацин экзаменан механизмех пайда а оьцуш аттестацех чекхбахар.

ХIокху шарахь 5 процент студенташа «WorldSkills» стандартаца дIаелира экзаменаш. ХIинца дIалуш йолчу экзаменах къаьсташ аттестаци яран оцу кепо таро хуьлуьйту карадерзийначу хаарийн бараман мах хадийна ца Iаш, ткъа иштта, производствона ма-хуьллу гергадалийначу хьелашкахь студента царах муха пайдаоьцу хаа а.

Оцу проектана билгалдина 250 миллион сом гергга ахча.

– «Социальни жигаралла» проекто муха гIо дийр ду регионехь шайн лаамехь гIуллакх дечеран а, волонтерийн а болам кхиорна?

– Регионан «Социальни жигаралла» проект къоман «Дешар» проектана юкъайоьдуш ю, амма иза кхочушъярх жоп ло Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос. Федеральни тIегIанехь «Росмолодежь» агентствос куьйгалла а до иза кхочушъярна тIехь.

И проект тIехьажийна ю кегийрхоша шаьш стенна хьуьнаре бу гайтарна а, корматаллин декъехь кхиорна а хьелаш кхолларна, берашна а, кегийрхошна а юкъахь (царна юкъабогIу студенташ а) юкъараллин дIадолорийн а, проектийн а гIолацаран некъаца шайн лаамехь гIуллакхаш дар, похIма кхиорна.

2024-чу шарна тIекхочуш шайн лаамехь гIуллакхаш деш болчарна юкъаозо билгалдо 20 процент гражданаш, ткъа кхоллараллин гIуллакхашна – 45 процент кегийрхой, студентийн клубийн боламна – 70 процент студенташ.

Регионехь и проект кхочушъяр дIадахьарехь кхерамазаллин а, чолхечу хьелийн а дакъошкахь шайн лаамехь гIуллакхдеш болчеран (волонтерийн) гIолацаран туш кхуллур ю.

Проектан гурашкахь иштта юьллур ю студентийн клубаша, организацеша, цхьаьнакхетараллаша цхьаьнагIуллакхаш дарна лерина йолу майда. Церан гIуллакхаш тIехьовсийна хир ду Россехь студентийн болам кхиорна. И проект кхочушъярна къастор хир ду 377 миллион сом гергга ахча.

– ХIун чулацам болуш ю «ХIоранна а лерина керла таронаш» проект?

– Проектан Iалашо ю гражданашка хаддаза корматаллин хаарш лакхадахийтар, керла корматаллаш караерзаяйтар, хаддаза дешаран интеграцин платформаш кхолларца дешаран программийн тайп-тайпанчу кепашна тIекхача йолу таронаш алсамъяхар, ткъа иштта, лаккхарчу дешаран, юккъерчу корматаллин дешаран, кхитIе а корматаллин дешаран организацешкахь хаддаза долчу дешаран программаша юкъалоцуш болчу гражданийн барам 2024-чу шарна тIекхочуш 5,8 эзар стаге дIакхачор.

Ур-атталла, хIинца болх беш долчу адамийн а тIехь, проекто массеран а таро хуьлуьйтур ю хаддаза деша. Цунна лерина кхуллуш ю тIекхача таро йолчу курсийн а, програмийн а цхьааллин платформа-навигатор, царна юкъахь ю онлайн-курсаш а.

Конкурсан буха тIехь шайна гранташца гIолацаран система кхуллу йолу вузаш оцу гIуллакхан коьрта бух хилла дIахIуьттур ю.

Кхеташ ма-хиллара, кечбан беза кхузаманан тоьллачу технологийн буха тIехь баккхийчарна хьеха йиш хинйолу тоъалчу барамехь хьехархой.

– ХIун Iалашо лаьтта «Бераш долчу доьзалийн гIолацар» проектана хьалха?

– Цуьнца билгалдина дай-нанойн психологинпедагогикин а, хаамийнсерлонан а комплексехь гIолацар, кхаа шаре довлаза долу бераш хьалххе кхиорна хьелаш кхоллар, школе дахале хьалха доьшуш долчу берийн дай-наношна психологинпедагогикин, методикин, консультаци яларца гIо даран программаш кхочушъяр. Оцу проектан гурашкахь йоьллур ю доьзална а, берашна а социальни гIо даран меттигера туьшаш, бахархошна психологин-педагогикин гIо даран туьшаш.

Проектаца билгалдо 2019–2024-чуй шерийн муьрехь 240 эзарнал кIезиг боцчу дай-нанойн а, регионан къоначу бахархойн векалийн а психологинпедагогикин, методикин, консультацеш яларан хьашташ кхочушдар.

Къамел дерзош билгалдаккха лаьа, къоман «Дешар» проектан гурашкахь гIуллакх деш йолу и ерриге проекташ республикехь, уьш бехаш болчу меттигах доьзна доцуш, берриге а дешархошна дикаллин кхузаманахьлера дешар Iаморан таронаш хаъал шорйийриг хилар, царна юкъахь ду могашаллица башхаллаш йолу бераш а.

– Баркалла ИсмаьIал, къоман «Дешар» проектах лаьцна ма-дарра дийцарна!

Интервью зорбане кечйинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№56, мангалан (июль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: