ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана культура кхиоран гIуллакхашна лерина кхеташо дIаяьхьира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис а, Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаментан хьаькама Амаева Мадинас а, Шахбулатов Iаднанан цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонин директора Денильханова Тамарас а, Нохчийн пачхьалкхан «Вайнах» хелхаран ансамблан директора Осмаева Заретас а, Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан драмин театран директора, исбаьхьаллин куьйгалхочо Ахмадова Хьавас а, Иллин а, хелхаран а пачхьалкхан фольклоран «Нохчо» ансамблан директора Шагидаева Мадинас а.
Республикин Куьйгалхочо дийцарехь, культурин белхахоша хIокху шарахь дукха белхаш бина.
«Культурин министерствос дуккха а гIуллакхаш дина. Карарчу шарахь пачхьалкхан «Вайнах» ансамблан а, Ӏ.Шахбулатовн цӀарахчу Пачхьалкхан филармонин а 80 шо кхочуш ду, ткъа Берийн «Башлам» ансамблан – 50 шо. Оцу юбилейшна а, ткъа иштта, 2019- чу шарахь вайн махкахь дIакхайкхийначу Театран шарна а лерина кечъеш чулацаме программаш ю», – элира Р.Кадыровс.
Оцу даздаршна лерина бечу кечамех лаьцна дийцира республикин Куьйгалхочо кхеташонехь гулбеллачаьрца.
Иштта, цо билгалдаьккхира культурин белхахой гонахарчарна масал гойтуш хила безарш хилар.
«Уггаре а хьалха, культурин белхахо шен леларца, амалца гонахарчарна масал гойтуш хила веза, цул тIаьхьа гайта деза цо адамашна шен похIма а, говзалла а, хьуьнарш а. Ишттий бен культурин белхахочуьнга шена цIе а ялур яц, нехан сий-лараме а кхачалур вац иза», – тIечIагIдира Кадыров Рамзана.
А.ВАХАЕВА
№58, хьаьттан (август) беттан 2 де, 2019 шо