Мехаша даккхий зенаш дина шина кIоштахь

Махо даккхий зенаш дина мангалан (июль) беттан 31-чу буьйсанна Хьалха-Мартан а, ТӀехьа-Мартан а кӀошташкахь. Бахархой ца лазийнехь а, чӀогӀа дукха ю зенаш хилла хӀусамаш, социальни объекташ, инженерин коммуникацеш.

Хиллачу зенан барам къасторан декъехь болх беш ю леррина службаш.

Иштта, бахархошна гӀо даран а, меттахӀитторан а белхаш дӀаболийна.

МеттахӀитторан белхашка а хьожуш, зенаш динчу кӀошташкахь хилира республикин Куьйгалхо.

Цо билгалдаккхарехь, даккхий зенаш дина Хьалха-МартантӀехь, Гихтахь, Гихчу-КIотарахь, Роьшни-Чохь: 200 сов (350 хила а тарло) хӀусамна а, дукхапетарийн 2 цӀенна а, 4 школина а, кӀоштан больницина а, культурин цӀенна а.

Цул сов, ярташкахь хедийна токан серий а, газан биргӀанаш а.

ТӀехьа-Мартан кӀоштарчу Котар-Юьртахь 70, Янди-КӀотарахь 48, ТӀехьа-МартантӀехь 3 хӀусам ю зенаш хилла.

Иштта, бохам хиллачул тIаьхьа, оцу кӀоштарчу 6 юьртахь газ а, 3 юьртахь хи а дацара.

Кадыров Рамзана шина а кӀоштан а, «Чеченэнерго», «Чеченгаз», «Чеченгазпром» компанийн а, МЧС-н а куьйгалхошна тӀедиллира газаца а, токаца а, хица а кхачоян мел оьшург сихонца чекхдаккхар.

Правительствон хьалхара вице-премьер Тумхаджиев Ӏийса коьртехь а волуш леррина штаб кхоьллина.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира тӀебеанчу бохамца цхьа а ша цхьаъ вуьтуш цахилар.

Карарчу хенахь, сихбинна, дIахьош бу меттахIитторан белхаш. Токаца а, газаца а, хица а кхачо йина шина а кIоштарчу бахархошна.

Цхьана а тIегIанерчу бюджеташкара оцу бохамна билгалдаьккхина ахча дацахь а, белхаш сихонца чекхбаха безаш хилар хаийтира Кадыров Рамзана.

«Кхеташонаш еш а, кехаташ кегош а Iан йиш яц вайн. Дан дезарг, дийца оьшуш а доцуш, гуш ду. Шух хIора а декхар ву шайн ницкъкхочург дан а, кхузахь хиллачу бохаман лараш дIаяха а», – элира цо, цигахь, хьаькамашка.

И.ИСЛАМОВ
№58, хьаьттан (август) беттан 2 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: