Цуьнан юбилейни суьйре дIаяьхьира вайн махкахь ши шо хьалха. Теша хала дара юбиляран 60 шо кхаьчна бохучух. 40 шарахь вайн лерса хьоьсту зевне аз, заманан йохалла гIел ца луш, схьадеана цу артистан. Цуьнан башха кхолларалла дукхаеза вайн махкахошна. Цундела даима сий-ларам бу стаге. Иза Нохчийн Республикин халкъан артист Усманов Iимран ву. Вайна массарна ма-хаъара, 1974-чу шарахь «Дагмара» цIе йолчу иллица дуьххьара гучувелира илланча. Цу хенахь дуьйна вайн синойн веза хьаша хилла схьавогIуш ву иза.
Усманов Iимрана нохчийн эстрадехь яьхначу дуьххьарлерчу гIулчашца гуш дара, цу жанрехь керла седа серлаболуш хилар. Цуьнгахь, похIма а дара цуьнан зевне аз а дара. Эстрадни иллеш делахь а, нохчийн къоман мукъамийн орамаш тосалора церан исбаьхьачу декарехь. Цунна теш хIуьтту Усманов Iимрана ша дешнаш яздина дIааьлла долу «Нажиюьртахо» илли.
Шен дукхах болу нийсархой санна, вайнах цIерабаьхначу хенахь, ГIиргIизойчуьра Узень-Ошски областехь 1953-чу шеран 2-чу мартехь дуьнен чу ваьлла Усманов Iимран. Бакъду, жима Iимран школе вахале Нохчийчу цIабирзира УсмановгIеран доьзал. Шена дукхаезачу Нажи-Юьртахь чекхъяьккхира иллиалархочо юккъера школа а. ТIаккха Соьлжа-ГIаларчу музыкальни училищехь дешна. 1973-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан филармони балха хIоьттира къона иллиалархо. ХIетахь дуьйна иза даима лехамехь ву, баьхначу кхиамех тоам беш вац.
Тахана а филармонехь болх беш ву Усманов Iимран. Бакъду, цкъа-шозза юкъах вала-м дийзира вайн турпалхочун, шена сил дукхабезачу балхах. Цкъа эскаре гIуллакх дан вахана ши шо даккха дийзира, юха 1976-чу шарахь Ростов-ГIала музыкально-хьехархойн институте деша вахара. Лаккхарчу корматаллин тIегIане шен говззалла яьккхина цIавеара къона иллиалархо. Бос-керчаш лепаелира Iимранан корматалла. Йоццачу хенахь ладогIархойн дегнийн эла вина дIахIоттийра иза цуьнан беркатечу кхолларалло. Кхузахь билгалдаккха луур дара баккхийчеран самукъадаккхарх тоам беш вац нохчийн къоман илланча, кIезиг дац цуьнан репертуарехь берашна лерина иллеш а.
Дукха хьолахь Усманов Iимрана ша яздо дIаолучу иллешна дешнаш. Амма и данне дац, кхечу авторийн иллеш цуьнан репертуарехь дац бохург. Вайнехан дуккхах болчу поэтийн дешнаш тIехь даьхна иллеш ду иллиалархочо дIаолуш. Делахь а, къаьсттина билгалдаккха луур дара нохчийн сийлахь воккхачу поэтан Гадаев Мохьмад-Салахьан дешнаш тIехь цо болх беш хилар. Вайнехан литературин классика хила дIахIиттина «Дарта», «ЦIиен Берде», «Даймахке сатийсар», иштта дуккха а кхийолу байташ мукъаме ерзийна, шолгIачу дахаран новкъа яьхнарг Iимран ву. Оцу беркатечу къинхьегамо хаъал токхе йина вайн мукъамийн культура.
Россин Федерацин яздархойн союзан декъашхо ву иза. Цуьнан зорбане яьлла поэтически кхо гулар ю. «КIайн дуьне», «Геналло хьегийна», «Едда йоьду зама» ю церан цIерш. 2003-чу шарахь, поэта Ибрагимов Лоьмас вовшахтоьхна, арахецначу «Нохчийн поэзин антологи» юкъахь а ю цуьнан байташ. Уьш кест-кеста го Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорбане евлла. Iимрана дIаолу иллеш санна, кхета атта а, хазачу нохчийн маттахь язйина а ю уьш. Ткъа вай вуьйцучу иллиалархочо дIаолу илли даима дека лерса хьостуш, ладогIа дог доуьйтуш.
Поэт, мукъамча, иллиалархо, и къегина кхо агIо билгалъяьккхича а кхоччуш хIоттийна ца хуьлу Усманов Iимранан кхоллараллин сурт. Иза воккха забарча а ву, дош хаза олуш а ву. Цо аьлла дуккха а дешнаш афоризмаш хилла махкахула дIаса даьржина. Шен къам балано лаьцча, Усманов Iимрана нохчийн матте яьккхира «Свадьба в малиновке» цIе йолу музыкальни комеди. Вайна массарна дика евзаш яра и мюзикл. Режиссера Тутышкин Андрейс, Александров Борисан а, Юхвид Леонидан а сценари тIехь 1967-чу шарахь яьккхина самукъане фильм яра иза. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран юьххьехь, цхьана оьрсийн кIотарахь хилларг, забаре басарш ца кхоош, хан а, меттиг а хийцина, говза вайнехан хотIе дерзийнера Усманов Iимрана, мелла а вайн махкахь цу муьрехь лаьттачу хьолана герга далош. Нохчийчуьрчу берриге а хьовсархошна мерза кхаъ хиллера, лаккхарчу корматаллица диначу гочдарх. ПохIма долу стаг, массо хIуманна тIехь похIме хуьлу, бохург хир ду-кх иза.
Хьаналчу къинхьегаман 40 шо дIаделла Нохчийн Республикин халкъан артиста къоман культура кхиорна. Цуьнан цIе дика евза ерриге а Къилбаседа Кавказехь. Дукха хан ю иза къоман илланча хилла дIахIоьттина. Ткъа 62 шо – иза къонахчунна гIеметтахIутту хан ю. Халкъана, махкана дукхавезаш хилча муххале а.
ГАЗИЕВА АЗА
