Корматаллин аккредитацих чекхбевлла

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела И.Байсултановс а, МогашаллаIалашъяран министра Э.Сулеймановс а дакъалецира Нохчийн пачхьалкхан университетан Медицинин институтехь ординатурин программица дешна бевлла говзанчаш корматаллин аккредитацих чекхбовлучу гIуллакхехь.

Студенташкара экзаменаш схьаоьцуш хиллачу хьехархоша а, Iилманчаша а билгалдаьккхира студенташ зерех кхиамца чекхбевлла хилар.

– Тахана вай, даздаран хьолехь, НПУ-н Медицинин институт чекхъяьккхина кегийрхой а, мехкарий а кхидIа шайн корматаллин лакхене боьдучу новкъа бохуш бу. Ас декъалдо шу дешна довларца! Иштта, шуна баркалла ала лаьа хала а, жоьпаллин а корматалла аш караерзорна. Боккха кхиам бу вайн республикехь цу тайппана говзанчаш кхио аьтто хилар. Иза вайн республикин а, НПУ-н а, МогашаллаIалашъяран министерствон а куьйгаллин къинхьегам бахьана долуш хилла, – билгалдаьккхира Нохчийн регионан юкъараллин «Медицинин палата» организацин председатела Межидов Казбека.

Медицинин институтехь дешна бевллачу кегийрхоша а, мехкарша а тIеюзур ю республикин медицинин учрежденеш.

Лаккхарчу тIегIанехь хаарш долу говзанчаш хиларо медицинин службин дикалла лакхайоккхур ю.

Таханлерчу дийнахь республикерчу бахархошна иза оьшуш а, доккха а гIуллакх ду.

Л.ДАУТОВА
№58, хьаьттан (август) беттан 2 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: