Министр цхьаьнакхийтира кхечу къаьмнийн меттанийн хьехархошца

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь кхечу Къаьмнийн меттанийн хьехархойн ассоциацин советан декъашхошца цхьаьнакхийтира министр Байханов ИсмаьIал.

Оцу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира дIадаханчу дешаран шеран жамIаш а, Пачхьалкхан юкъара экзамен кхечу къаьмнийн меттанашкахула дIаяларца доьзна гIуллакх а.

Пачхьалкхан юкъара экзаменна дешархоша а, хьехархоша а дика кечамаш бина хилар гучуделира экзаменийн жамIийн хьесапаш дича.

11-чу классийн дешархоша хIокху шарахь, стохкачул а дика, хаарш гайтира. Лакхара баллаш яьхначийн барам пхоьазза алсамбаьлла.

Байханов ИсмаьIала билгалдаьккхира 2020-чу шарахь кхечу къаьмнийн меттаний экзамен 9-чу классийн дешархошна дIаялар декхар дина тIедожош хилар, ткъа 11-чу классийн дешархошна 2022-чу шарахь дуьйна тIехь хир ду иза дIаялар.

Министерствон куьйгалло дукха гIуллакхаш до вайн республикин школашкахь кхечу къаьмнийн меттанаш Iаморан гIуллакх тодарехь. Кест-кеста дIахьо кхечу къаьмнийн меттанийн хьехархойн говзалла лакхаяккхаран курсаш, республикин ерриге школашкахь бохург санна, болх беш ю ингалсан, немцойн, французхойн меттанаш шарбеш йолу клубаш. Ишттачу клубашкахь, дукха хьолахь, кхечу пачхьалкхашкара кхайкхина балийна хьехархой а хуьлу.

Шаьш юьхьарлаьцначу новкъахь хьехархойн кхиамаш хуьлийла а, болх беркате хуьлийла а шена лууш хилар чIагIдеш къамел дира министра И.Байхановс.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№58, хьаьттан (август) беттан 2 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: