«Нохчийчоьнан шира дийцарш а, хилларш а»

Иштта яра Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь йовзийтинчу оьрсийн яздархочун Сахаров Александран книгин цIе.

Книга йовзийтарна леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара нохчийн кхоллараллин а интеллигенцин а векалш, авторан доттагIий.

– Сахаров Александр хьаша вац, иза шен цIа веана. Соьлжа-ГIалахь вина а, кхиъна а ву иза. Александран да Сахаров Александр геологин Iилманан доктор хилла. Кавказан, къаьсттина Нохчийн лаьмнашкахь, талламан белхаш дIахьош хилла цо. Шеца лаьмнашка вуьгуш хилла цо шен кIант Александр. Дас кIантана йовзийтина Нохчийчоьнан истори, гайтина исбаьхьа хазалла, цуьнга безам кхоллабалийтина. Иштта кхоллабелла безам яздархочо шен даг чохь кхаьбна, Нохчийчохь тIеман хьалхара кампани йолаелча, Росси дIаваха дезна цуьнан. Вайна доккха совгIат ду, вайн махкахочо, оьрсичо хIокху тайпа книга язъяр, – элира Ибрагимов Кантас.

Сахаров Александран «Нохчийчоьнан шира дийцарш а, хилларш а» книги тIера байташ йийшира студенташа а, къоначу яздархоша а. Ша винчу махка деза совгIат дохьуш ван шен аьтто баларна воккхавуьйш вара яздархо.

– Нохчийчуьра дIавахчахьана, со дукха пачхьалкхашкахь хилла, амма, цкъа а, даг чуьра дIаяьлла яц Нохчийчоь. Со Соьлжа-ГIалахь вина а, кхиъна а ву, школе а кхузахь ваханера со. Сан къоналлин шераш а кхузахь дIадахана. Нохчийчоь, нохчийн халкъ, цуьнан культура, Iадаташ суна гергара ду, хIунда аьлча, со царна юкъахь хьалакхиъна. Ас дозалла до, генарчу махкахь вехаш велахь а, хIара книга язъян сан аьтто хиларна. Иштта, суна даггара баркалла ала луур дара, книгин соавторана, суьрташдахкархочунна Агиров Тимурана, – элира А.Сахаровс.

«Нохчийчоьнан шира дийцарш а, хилларш а» книги юкъахь ю «Тулой-лам», «Волчица», «Ушкалой», «Байсангур Беноевский», «Смерть Байсангура» , «Шарой», «Зелимхан Харачоевский», «Галанчож», «Казеной-Ам», «Хайбах», кхин а дуккха а байташ.

Книги тIехь мел йолу байт вайнехан дахарехь хиллачух лаьцна ю. Нохчийн амалх, Iадатах, гIиллакхах, доьналлах, къонахаллах, турпалаллах, лазамах, безамах, ша нохчи волуш санна, дика яздина яздархочо.

ВЕГИЕВА Макка
№58, хьаьттан (август) беттан 2 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: