ХьошалгIара эшна цIа еана

Россин Премьер-лигин кхоалгIачу турехь Нохчийчоьнан футболан коьрта команда Казанерчу «Центральни» стадионехь меттигерчу «Рубин» командица левзира.

Кхул хьалхарчу турехь, Москвахь «Динамо» командица хиллачу цхьаьнакхетарехь шайна юкъара цхьа футболист суьдахочо майданара дIаваьккхиншехь (кIоршаме ловзарна) толам баккха аьтто баьлла болу «Рубинан» футболисташ догойла гIаьттина бара «Ахматца» ловзучу хенахь.

Бакъду, хьалхарчу таймехь мелла а дика ловзура хьеший. Цара масеххазза кхераме тохар дира Ю.Дюкина лардечу кевнна. Амма иза оцу дийнахь тIехдика ловзуш вара. Цунна гIо деш защитникаш а бара. ШолгIачу таймехь мелла а жигарабевлира хIусамдай, къаьсттина Е.Марковн метта В.Кьяртанссон юкъаваьлча.

Цо дакъа а лоцуш, масех ира тIелатар дира «Рубино». Царах цхьаъ матчан 73-чу минотехь оццу В.Кьяртанссона гол тохарца дерза а дира. ЖамI кхин хийца ца луш чекхделира цхьаьнакхетар.

Ша хьошалгIахь, цкъа хьалха «Уралаца» а (3:0), шолгIа «Рубинца» а (1:0) дIадаьхьначу шина а цхьаьнакхетарехь ийшира «Ахматан» футболисташ. Шайн кевна чу 4 буьрка тохийтинехь а, шаьш цхьа а ца туьйхира.

Цу тайппана чемпионатан хьалхарчу кхаа турехь цкъа бен тоьлла йоцу «Ахмат» турниран таблицехь тахана 14-чу меттехь ю.

РогIерчу турехь вайн футболисташ шайн цIахь ловзур бу Оренбургерчу «Оренбург» командин футболисташца.

Дагадаийта лаьа стохка «Ахмат-Арена» стадионехь церан хилла цхьаьнакхетар жамI 1:1 долуш чекхдаьлла хилар.

Хь.САЙДАЕВ
№58, хьаьттан (август) беттан 2 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: