Ораман цIаро а гойту цунах чов ерзош, цунна дарба лелош, пайдаоьцуш хилла хилар. Хууш ма-хиллара, ширачу заманашкахь дуьйна, нохчий говза хилла чевнаш ерзо. Оцу гIуллакхна чов-бецал дика молха а ца хилла. Якъаелла я тIеда буц, Iовша а Iовший, чов йинчу я хадийначу меттигана тIеюьллуш хилла. Дийцарехь, чов цул тIаьхьа, тамаша баллал, сиха дIайоьрзуш хилла.

Халкъалахь олуш хилла: «Оцу бецо чов бех ца йолуьйту, чов эгIа ца оьгIуьйту, чевна нIаьна ца бойту».
Чов-бецаш тайп-тайпана хуьлу: марс санна сеттина а, горга а, кхечу кепара а. Царах хIора а шен-шен бос болуш, зезагаш долуш хуьлу: можа а, сийна а, кIайн а. Дарбане хуьлу оцу бецийн орамаш а. Къаьсттина чуо юкъеллачарна. Чов ерзорна дика ду, гIаш санна, чов-бецан зезагаш а.
Цул сов, оцу бецаша дегIан кIамдар дIадоккхуш хилар а зеделла нохчашна. Цундела халкъан дарбанчаша пайдаоьцуш хилла йолу и буц, вай а тидамза йита ца еза, хIунда аьлча, чов ерзо, ноткъа дIаяккха цул дика молха дукха карор дац.
З.МАДАЕВА
№58, хьаьттан (август) беттан 2 де, 2019 шо