Нохчийн халкъан паргIато цхьаьнгга а хьошуьйтур яц

Зуль-Хьиджа беттан хьалхарчу дийнахь Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан республикерчу динан дайшца цхьаьнакхийтира.

«Хьомсарчу вежаршца – Нохчийчоьнан муфтица Межиев СалахьХьаьжица а, сийлахь-воккхачу шайхан Кишин Кунта-Хьаьжин муридийн туркхаца Тепсуркаев Хасуца а цхьаьна, цхьаьнакхийтира со республикин кIоштийн къеданашца, маьждигийн имамашца, динан векалшца. Оха дийцаре дира ГIурбанан денна кечамбаран а, кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран цхьааллин концепци кхочушъяран а гIуллакхаш», – хаам бира Кадыров Рамзана ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира динан дайша вайн къоман Iадаташ, ламасташ лардаран а, доьзалан мехаллаш а, халкъан цхьаалла а чIагIъяран а, кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран тIегIа лакхадаккхаран а гIуллакхашна къаьсттина тидам тIебохуьйтуш хилар.

Цо дийцарехь, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, массарна а гуш, терроризмаца, наркоманица къийсам дIахьош вара. Ахьмад-Хьаьжа вара, вайн халкъ гIаттийна, терроризмана дуьхьал къийсам латторехь иза цхьаьнатоьхнарг.

Иштта, Р.Кадыровс билгал мадаккхара, бакъболчу некъана – Сийлахьчу Къуръанна, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннатана, шарIана дуьхьал йолу цхьа а тоба Нохчийчохь хуьлуьйтур яц. Луъ-луъучаьрга нохчийн халкъан паргIато хьошуьйтур яц.

А.ГИРИХАНОВА
№59, хьаьттан (август) беттан 6 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: