Терроризмаца къийсам латторан Израилан штабо йовзийтина шайн махкахошна кхераме йолу пачхьалкхаш а, мехкаш а.
Оцу штабан сайта (www.nsc.gov.il) тӀерачу карти тӀехь мохк хаьржича, схьаделлало кор – цу чохь яздина хуьлу хаьржинчу махкахь Израилан бахархошна кхерам бу я бац.
ТӀехбоккха кхерам болчу мехкашна юкъахь ГӀажарийчоь, Ливан, Судан, Шема, Иракъ, Йемен, СаӀудийн Арави ю.
Амма коьртаниг кхин ду – карти тӀехь Росси хаьржича, «Израилан бахархошна тӀехбоккха кхерам болчу» пачхьалкхийн а, мехкийн а могӀаре Нохчийчоь а кхочу, «GoogleMaps» сервиса чохь республика йолу меттиг а, республикин карта а гойтуш.
Лакхахь билгалбаьккхинчу могӀарехь [ТӀехбоккха кхерам] йолчу пачхьалкхийн хьокъехь иштта хаам бина штабо – ЦХЬАНА А КЕПАРА, ОЦУ МАХКА А МА ГӀО, ЦИГАХЬ ДЕЛАХЬ, ОЦУ МАХКАРА, СИХОНЦА АРА А ДОВЛА.
Цул сов, Нохчийчоьнах лаьцна хоуьйтуш, оцу штабо яздина, «Нохчийчоь – СоьлжаГӀала пачхье а йолуш, Россин къилбамалхбалера Исламан республика ю. Цигахь Ӏаш бу нохчий. Уьш, Россица шайн маршо къуьйсуш, тIемаш беш бу», – аьлла.
Оцу хьокъехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина шен дӀахьедарехь: «Кхин мила Iан везаш вара Нохчийчохь, нохчий ца Iийна?! Я тхо дерриге а хIаллакцахилча ца Iебаш бу-те цхьаболу нах?.. ДIахаоуьйту – Нохчийчохь нохчий хилла а бу, бан а бу, хир а бу. Делахь а, тхан мехкан цIе Нохчийн Республика хиларх, тхоьца цхьаьна Iаш бу кхидолчу къаьмнийн векалш. Оха Россица тIом ца бина, оха бина тIом, ца девлла, тхайн чубеана тIом бара – тхайн мохк ларбеш дара тхо, арара чубеанчу тIамах а, зуламхойх а, терроризмах а. Ткъа терроризман хьокъехь аьлча, ас Нохчийчу кхойкху Терроризмаца къийсам латторан Израилан штабан векалш – терроризмаца къийсам муха латто беза оха Iамор ду-кх шуна!».
Терроризмаца къийсам латторан Израилан штабо хIуъа дийцарх а, Нохчийчу оцу махкара туристаш оьхуш бу: Туризман гIуллакхашкахула волчу Нохчийн Республикин министра Байтазиев Муслима билгалдаккхарехь, тIаьхьарчу 10 баттахь Нохчийчу 3 600 сов турист веана оцу махкара.
И.ИСЛАМОВ
№59, хьаьттан (август) беттан 6 де, 2019 шо