Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима дакъалецира Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Чеботарев Сергей коьртехь а волуш, Москвахь дIаяьхьначу кхеташонехь.

Цигахь дийцаре дира Къилбаседа-Кавказан федеральни округан субъекташкахь экономикин шатайпа меттигаш кхиоран гIуллакхаш.
«Кхеташонехь дийцаре дира Къилбаседа-Кавказан федеральни округана юкъайогIучу Россин Федерацин субъекташкахь туризман-рекреацин экономикин шатайпа меттигаш а, оцу меттигийн гIуллакхаллин эвсаралла а кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш. Цхьаьнакхетарехь Чеботарев Сергейца берригмуьрийн «Ведучи» туризман комплексан экономикин шатайпа меттиг кхиоран планех лаьцна къамел хилира сан. Оцу шатайпанчу экономикин меттиган объекташна электросерло а, газ а тIеялоран гIуллакх а хьахийра», – дийцира Хучиев Муслима.
Нохчийчоьнан Правительствон Председатела билгалдаьккхира «Ведучи» комплексан экономикин шатайпанчу меттигна арахьара энергетикин инфраструктура яро оцу туризман комплексан ерриге а объекташна электросерло кхачо а, Нохчийн Республикин лаьмнийн кIошташкарчу ярташкахь серлонца кхачояран дикалла лакхаяккха а таро лург хилар.
Иштта, цо билгалдаьккхира кхеташонехь дийцаре мел дина долу гIуллакхаш Чеботарев Сергейс, шен тидаме а эцна, уьш кхочушдархьама дан деззарг дийриг хилар.
Россин экономика кхиоран министерствон хаамашца нийса а догIуш, «Ведучи» туризман комплексан экономикин шатайпанчу меттиго 2018-чу шеран жамIашца Россин туризманрекреацин экономикин шатайпанчу меттигашна юкъахь гIуллакхаллин эвсараллин гайтамашкахула хьалхара меттиг яьккхина.
Вайн туризман комлексан гайтам 100 процент бара.
А.ВАХАЕВА
№59, хьаьттан (август) беттан 6 де, 2019 шо