ГаланчӀожан кӀоштарчу Хьайбахара тӀеман бӀов меттахӀоттош ю.

Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис Инстаграмерчу шен агIонехь билгал ма-даккхара, архитектурин хӀоллам ларалуш йолу и тӀеман бӀов меттахIотторан белхаш кестта чекхбевр бу.
Дагадоуьйту карара шо, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дӀадолорца, ГаланчӀожан кӀоштан шо ду аьлла, дӀакхайкхийна хилар.
Суьрта тIехь: Хьайбахара тIеман бIов меттахIотторан белхаш
№59, хьаьттан (август) беттан 6 де, 2019 шо