Нохчийн Республикин къоман музейхь хьаьттан (август) беттан 1-чу дийнахь схьабиллина Россин суьрташдахкархойн «Россин аренашкахь» суьртийн гайтам.

Гайтам схьабелларехь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис, республикин Яздархойн союзан коьртачу редактора Ирисханов Iимрана, Къоман музейн коьртачу директора Асталов Вахас, Ярославлан регионан юкъараллин «Россин халкъийн Ассамблей» организацин председатела, Ярославлехь йолчу Нохч-ГIалгIайн Культурин туьшан директора Хасиев Нур-Iелас, ткъа иштта, Ярославлерчу а, Казанерчу а, ХIинжа-Галарчу а, вайн республикерчу а бевзаш болчу суьрташдахкархоша, дешаран, Iилманан интеллигенцин векалша.
«Россин аренашкахь» гайтам Нохчийн Республикин а, ГIалгIайн Республикин а, Дагестанан а, ГIезалойн республикийн а суьрташдахкархоша шина шарахь кхочушбинчу кхоллараллин белхан жамIашдаран гайтам бу.
И гайтам Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла 68 шо кхачарна а, Ярославлан «Россин халкъийн Ассамблей» юкъараллин организацин 20 шо кхачарна а лерина вовшахтоьхна. Дерриге а 80 сурт ду гайтамехь.
Культурин министра Дааев Хож-Баудис билгалдаьккхира: «ХIара гайтам вовшахтохаран Iалашо Нохчийн Республикин бахархошна вайн пачхьалкхехь дехачу кхечу къаьмнийн культура а, искусство а йовзийтар ю, цул сов, Ярославлана а, Нохчийн Республикина а юкъахь беркате зIенаш, гергарло чIагIдеш долу гIуллакхаш дIадахьар а ю».
Ярославль гIалин мэран хьехамчас Хасиев Нур-Iелас дийцира «Россин аренашкахь» проект кхоллаяларх лаьцна.
Проект 2018-чу шарахь кхоллаелла ю, Москвара а, Ярославлера а тайп-тайпанчу къаьмнийн суьрташдахкархой, Нохчийн а, ГIалгIайн а республикашкахула нохчийн суьрташдахкархошца цхьаьна, Кавказан аренаш гезъеш лелачу хенахь.
Кавказехь дехачу къаьмнийн культурин шатайпаналла ган аьтто хиллачу цара синъайамца дехкина ду суьрташ. ХIара санна йолчу проектах пленэр олу.
ХIокху гайтамехь дерш шолгIа пленэр чекхъяьлча дехкина суьрташ ду. Хьалхара пленэр хиллачул тIаьхьа а вовшахтоьхнера «Вайнехан мохк суьрташдахкархойн бIаьргашца» аьлла.
И гайтам 2018-чу шарахь Москван а, Ярославлан а гайтаман залашкахь дIабаьхьира. Циггахь кхоллаелира и проект Нохчийчохь а кхочушъян еза боху ойла.
Суьрташдахкархойн шолгIачу пленэран суьртийн гайтамна «Ярославлан мохк суьрташдахкархойн бIаьргашца» аьлла бара. Иштта, оцу шина а пленэран суьртех вовшахтоьхна бу хIара рогIера «Россин аренашкахь» аьлла болу гайтам.
Ярославлехь бехачу вайнехан векала Хасиев Нур-Iелас боккха болх бу дIахьош, Россин гIаланашкахь а, иштта, ша вехачу Ярославлехь а нохчийн культура йовзуьйтуш а, доттагIаллин уьйраш чIагIъеш а.
Цуьнца цхьаьна вайн республике дуьххьара веана Ярославлан а, Россин а суьрташдахкархойн союзан декъашхо, суьрташдахкархо-хьехархо Зарослов Вячеслав а, Дагестанера суьрташдахкархо Магомедов Амирхан а.
Хасиев Нур-Iелас Нохчийн къоман музейна совгIатана делира Ярославлерчу суьрташдахкархочо Лимарев Евгенийс диллина долу Ярославлерчу маьждиган сурт. Оцу гайтамехь уггаре а бIаьрг тIехIуттуш дара и сурт.
Цул сов, нохчийн суьрташдахкархойн суьрташ а ду гайтамехь. Нохчийн Республикин хьакъболчу суьрташдахкархойн Сапаров Iелин а, Закриев Мохьмадан а суьрташа дуьйцура Даймехкан Iаламах а, нохчийн къоман историх а лаьцна.
Гайтам хьаьттан беттан 17-гIа де кхаччалц хир бу Нохчийн къоман музейхь.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№59, хьаьттан (август) беттан 6 де, 2019 шо