Берлинехь дзюдохула Европин Кубок къевсина

Германерчу Берлинехь 21 шо кхаччалц хенаш йолчу кегийрхошна а, мехкаршна а юкъахь дзюдохула Европин Кубок яккхарехь къийсадаларш дIадаьхьира.

Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь цигахь яхь къовсуш вара Нохчийчуьрчу Т-I.Кадыровн цIарахчу «Эдельвейс» спортан клубан декъашхо Лорсанов Мансур.

Оцу къийсадаларшкахь шайн-шайн йозаллин категорешкахь Россин вовшахтоьхначу командин декъашхоша Нагучев Казбека (66 кг), Каниковский Матвейс (100 кг), Гамзатханов Джамала (100 кг +) дашо мидалш ехира.

КхоалгIа меттигаш ехира Гамосов Давида, Махмадбеков Махмадбека (ший а 73 кг), Карапетян Давида (81 кг), Лорсанов Мансура (90 кг).

М.Лорсанов 3-гIа меттиг къовсуш вара италахочуьнца Пирелли Дженнароца.

Билгалдаккха деза оцу къийсадаларшкахь командашна юкъахь Россин вовшахтоьхначу командо хьалхара меттиг яьккхина хилар.

Дагадахкийта лаьа М.Лорсановс хьалха толамаш баьхна къийсадаларш. Иза толамхо хилла Чехехь (2018) Европин Кубок, оццу шарахь ГIиргIизойчохь Азин Кубок, Португалехь (2017) Европин Кубок къовсарехь а, Венгрехь (2017) XIV-гIа аьхкенан Европин кегийрхойн олимпиадин фестивалехь а.

Ткъа Болгарехь (2018), Оренбургехь (2018), Германехь (2017) Европин Кубок яккхарехула дIадаьхьначу къийсадаларшкахь, хIокху шарахь Италехь 21 шо кхаччалц хенаш йолчарна юкъахь Европехь хьалхеяккхарехь а 3-гIа меттигаш яьхна цо.

Л.ДАУТОВА
№59, хьаьттан (август) беттан 6 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: