Соьлжа-ГIала хьеший тIеэца кечлуш ю

2018-чу шеран оханан (апрель) беттан 28-чу дийнахь Россин Президента Путин Владимира куьг яздира 2019-гIа шо «Россин Театрийн шо кхайкхоран хьокъехь» долчу Указана.

Оцу Указаца нийса а догIуш, яккхийчу гIаланашкахь а, регионашкахь а дIаяхьа лерина яра театрийн фестивалаш.

Указ арадаьллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна Россин ерриге а театраша боккхачу дегаайамца кечамаш дIаболийра, фестивалашкахь гойту йолу спектаклаш билгалйохуш.

Нохчийн Республикин театраш а яра оцу фестивалашна кечлуш. Амма цхьанна а дагахь дацара Россин театрийн шо дIакхайкхийначу 2019-чу шеран коьрта фестиваль Соьлжа-ГIалахь хир ю аьлла. Дукха хан йоццуш, кхаьчна вайн республике и кхаъ.

Россин театрийн гIуллакххойн союзан председатела, Россин халкъан артиста Калягин Александра дийцарехь, и тайпа фестиваль Соьлжа-ГIалахь, 2019-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 11-чу дийнера 19-чу дийне кхаччалц дIахьур ю: Россин 13 регионера 14 театр хир ю вай долчохь.

Нохчийн Республикин театрийн гIуллакххойн союзан председатела Ахмадова Хьавас дийцарехь, хьакъ доллучу тIегIанехь хьеший тIеэца кечамаш бу беш. Вовшахтоьхна волонтерийн тоба.

Вайн республике бахка дагахь бу дуьненна бевза Россин похIме актераш. Герггарчу хенахь хаа йиш хир ю цара вайна гайта йохьурш муьлха спектаклаш ю.

Нохчийн Республикин театраша жигара дIакъалоцур ду театрийн фестивалехь.

Нохчмахкахо
№59, хьаьттан (август) беттан 6 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: