Нохчийн Пачхьалкхан къоначу хьажархочун театран белхахойн садаIаран бутт чекхбаьлла. КхидIа бан безачу белхан хьокъехь театран белхахошца цхьаьнакхетар дIадаьхьира театран директора Сагаев Мусас а, коьртачу режиссера Муртазалиева Асета а.

Цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхира Чувашин Республикехь дIахьонйолчу Дуьненаюкъарчу «Карусель сказок» хьалхарчу фестивалехь дакъалаца дезаш хилар а, цунна дикка кечамаш бан безаш хилар а.
Цул тIаьхьа йовзийтира театран 83-гIа мур схьабоьллуш къоначу хьажархошна гайта лерина спектакль: И.Чернышевн пьеси тIехь Мордовин Республикин хьакъйолчу артисткас, режиссер-постановщика Шахова Лилияс хIоттийна «Супер заяц» туьйра ду иза.
Иштта, къоначу хьажархочун театран репертуарехь ю хьаьттан (август) беттан хьалхарчу деношкахь гайтина, вай лакхахь билгалъяьккхина «Супер заяц» спектакль а, хьаьттан беттан 8–10-чу деношкахь гойтур йолу режиссер-постановщика Муртазалиева Асета Ахмадов Мусан пьеси тIехь хIоттийна «Цаьпцалган гIаттам» спектакль а, ткъа хьаьттан беттан 15–17-чуй деношкахь оццу режиссера Пушкин Александран пьеси тIехь хIоттийна «Сказка о царе Салтане» спектакль а.
Тараховская Елизаветин пьеси тIехь режиссер-постановщика Шохова Лилияс хIоттийна «По щучьему велению» спектакль а гойтур ю хьаьттан беттан 29–31-чуй деношкахь.
ВЕГИЕВА Макка
№59, хьаьттан (август) беттан 6 де, 2019 шо