Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара вежарий, йижарий! Даггара декъалдо шу бусалбанийн дезачу денца – ГIурбанан Iийдаца!

ГIурбанан Iийдан дезачу дийно билгалйо бакъволчу бусалба стагехь хила езаш йолу амалш: къинхетамалла, гIийлачух, мискачух дог лазар, нийсо езар.

Бусалбанийн умматана вовшийн гIолацаран, вовшех къинхетам баран, вайх хIораннан а даг чохь хила дезачу дика мел долчун масал ду хIара дезде.

ХIокху дийно массарна а кхин цкъа а дагадоуьйту Ислам машаран, диканан, беркатан, кхолламаллин дин хилар.

ГIурбанан Iийдано гуонахарчаьца собаре хиларе, церан гIайгIа а, тидам а баре кхойкху вай. Цуьнца цхьаьна, оцу мехаллаша юкъараллехь болу барт а, цхьаалла а чIагIйо.

ГIурбанан де Нохчийн Республикерчу бахархошна башха де ду. Оцу дийнахь ерриге а республикехь, лаьмнашкарчу кIошташкара аренашца йолчу меттигашка кхаччалц, дезачу дийнан хьал лаьтта, адамашкахь, жима а, воккха а башхалла а йоцуш, уггаре а дика ойланаш, синхьаамаш кхуллуш.

Оцу дийнахь адамашна чIогIа лаьа Дела реза хинволу гIуллакхаш дан, цара гIайгIа а, терго а йо гергарчеран, бевза-безачеран, гIо до гIийламискачарна, гIо оьшуш болчарна.

ХIора шарахь, гIурбанаш дечу деношкахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо даккхий сагIанаш доху. И гIуллакх дикачу ламасте дирзина схьадогIуш ду.

Нохчийн Республикерчу бахархошна дина а ца Iаш, Россин кхийолчу субъекташкарчу а, дозанал арахьарчу мехкашкарчу а мискачу доьзалшна а, Шемарчу, Мьянмерчу мухIажаршна а кхачанан сурсаташца а, гIурбанна дайъинчу даьхнийн жижигца а, иштта, кхечу кепара а гIо-накъосталла до фондо.

Цул сов, оцу фондан йоккха комаьршалла бахьанехь, хIора шарахь, бIеннаш бахархойн таро хуьлу ХьаьжцIа баха. Дела реза хинволу, и мелехь гIуллакхаш дарна, гIийлачеран, мискачеран гIайгIа барна ас даггара баркалла боху регионан юкъараллин фондан президентана Несин Айманина.

Хьомсара вежарий, йижарий! Лаьа шун доьзалшкахь машар, беркат лаьттийла!

№60, хьаьттан (август) беттан 9 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: