Стомара Шаройн кӀоштарчу Кенхи юьртахь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Цу хьокъехь цо, иштта, яздира ВКонтакте социалан сетерчу шен агIонехь: «Кхаарин дийнахь лаьмнашкарчу Шаройн кIоштан Кенхихь хилира со. ТIаьхьарчу шерашкахь баккхий хийцамаш хилла цигахь. Кхо шо хьалха оха боккха болх бинера, Республикин леррина оперативни штаб а кхоьллина. Масех баттахь иттаннашкахь социалан керла объекташ йина, хилларш тойина, нехан бIеннаш хIусамаш тойина, керланаш йина. ХIинца Кенхихь кхо школа, ворхI маьждиг, берийн беш, Культурин цIа, волейболан а, футболан а майданаш ю. Иштта керла дахар делла некъан инфраструктурина а, инженерин коммуникацешна а. Лаьмнийн яртийн барамашца дуьстича йоккха юрт ю Кенхи. Кхо бIе гергга бахам а, 1 200 гергга вахархо а ву кхузахь. Дукхах болу бахархой вайн вежарий жIайхой бу. ХӀокху деношкахь, коьртехь Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министр Сулейманов Эльхан а волуш, Соьлжа-ГӀаларчу лоьрийн мобилан тоба ю Кенхихь болх беш. Меттигера бахархой диспансеризацех а, профилактикин хьажарх а чекхбохуш бу цара. Оцу балхана юкъаозийна дерриге а дакъошкара говзанчаш а бу, медицинин кхузаманан гIирсаш а бу. Оцу балхо таро лур ю кIоштан больнице баха а ца безаш, бахархойн цамгарш хьалххе гучуяха. Лоьраша бечу балхе а, медицинин пунктехь долчу хьелашка а хьаьжира со. Иштта, меттигерчу бахархошца къамел а дира. Суна чIогIа хазахийтира юьртахь хила ма-деззара Iер-дахар долуш».
Иштта, Шаройн кIоштарчу историн-архитектурин комплексе а хьаьжира Кадыров Рамзан.
«Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис Шаройн кIоштахь бинчу балхах лаьцна дийцинера суна. Цигарчу историнархитектурин комплексана юкъайогIу 7 бIов а, маьждиг а, нартол а. Цхьа эзар пхи бIе шо гергга хан йолуш, башха объект ю иза. Таханлерчу дийнахь меттахIоттийна 4 бIов. Кхийолчу объекташкахь белхаш дIахьош, чаккхене боьлхуш бу. Иштта, кIоштан полицин отделана ечу гIишлоне а бIаьргтуьйхира ас. Коьрта корпус хилла ца Iаш, мел оьшу инфраструктура юкъайогIу проектана – казарми тIера спортан а, герз кхийсаран а, кечамбаран а меттигашна тIекхаччалц. Цигара белхаш а чаккхене боьлхуш бу. ХIинца белхалойн тобанаш чоьнаш чуьра тоеш а, гуонахара меттигаш кечъеш а бу», – яздина Р.Кадыровс.
Ша арабаьккхина некъ берзош, ХIимахь кир баккхарна кечамбаран белхаш муха дIахьош бу а хьаьжира республикин Куьйгалхо.
Цигахь баьккхинчу кирах Чуьйри-Эвларчу «Казбек» технопаркерчу заводехь гIуллакхаш дийр ду.
А.ВАХАЕВА
№60, хьаьттан (август) беттан 9 де, 2019 шо