Беларусера композиторш – Нохчийчохь

Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь И.Д.Кобзонан цIарахчу «Красная гвоздика» Дуьненаюкъарчу фестиваль-конкурсан гурашкахь Беларусин республикера композитора, Россин халкъан артиста, фестиваль вовшахтохаран комитетан председатела Иванов Олега а, Белоруссин Композиторийн союзан председатела, фестивалан жюрин декъашхочо Атрашкевич Еленас а кхоллараллин суьйре дIаяьхьира библиотекин ешархошца.

О.Иванов автор ву евзаш йолчу эшарийн. Масала, «Товарищ», «Олеся», «Завалинка», «Печки-лавочки», иштта кхечеран. Евзаш йолчу «Сябры», «Песняры», «Верасы» тобанаша дIалокху уьш.

А.Атрашкевича а, О.Ивановс а йовзийтира Соьлжа-ГIалахь шайн кхоллаелла ойланаш а, шайн кхоллараллин некъ а.

– Со Нохчийчу дуьххьара еана ю. Хьеший тIеэцаран гIиллакх чIогIа хаза ду шун халкъан. Суна хIокху зала чохь дукха хенара нах го. Цара шайн Даймахкаца цхьаьна лайна дахаран дуккха а халонаш. Тахана оха шуна йовзийтина йолу эшарш 70–80-чуй шерашкахь гIараевлла яра. Оцу эшарша вайн Даймахкана хилла хазахетарш, зераш довзуьйту, чулацам кIорга а, маьIне а бу церан, – элира А.Атрашкевича.

О.Ивановс билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалин архитектура исбаьхьа а, ша цунах цецваьлла а хилар, вайн мехкарийн йийцалур йоцу хазалла хилар.

«Дийначу» озаца цушимма ладогIархошна карлаехира шайн репертуарера цхьайолу эшарш. Беларусин а, оьрсийн а меттанашкахь дIалекхна уьш массарна а хазахийтира.

Ешархоша баркалла элира хьешашна, шайна кхоллараллин некъа тIехь церан аьтто хила лаар а хаийтира.

Е.Атрашкевича библиотекина совгIатана шен эшарш тIехь йолу дискаш а, нотийн гулар а елира.

Л.ДАУТОВА
№60, хьаьттан (август) беттан 9 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: