Оьрсийн меттан хьехархой говзалла лакхайоккхуш бу

2018–2020-чуй шерашкахь «Дешар кхиор» пачхьалкхан программин гурашкахь Нохчийн Республикин дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн институтехь оьрсийн меттан хьехархойн хаарш кIаргдаран Iалашонца дIахьош ю рогIера курсаш.

Ростовн, Краснодаран, Воронежан дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран институташца бинчу бартаца дIахьош бу Нохчийн Республикин хьехархошца болу болх.

2019-чу шарахь кхочушъеш йолу программаш могашалла ледара йолчу берашца болх бечу оьрсийн меттан хьехархошна лерина ю.

ХIокху шарахь шайн говзалла лакхайоккхур ю оьрсийн меттан 480 хьехархочо. Царна лерина курсаш кхаа декъехь дIахьур ю хIокху хьаьттан (август) беттан 17-гIа де тIекхаччалц.

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала баркалла элира, хьехархойн хаарш кIаргдеш, дIахьош йолу курсаш вовшахтоьхначарна а, курсийн дакъалацархошна а, цаьрца болх бечу лекторшна а.

№60, хьаьттан (август) беттан 9 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: