Иорданера нохчийн кегийрхой – Даймахкахь

ХIокху деношкахь Нохчийчохь хилира Иорданерчу нохчийн кегийрхойн делегаци. XIX-чу бIешарахь Герггарчу Малхбале дIакхалха дезначу нохчийн тIаьхьенах болу уьш (150 гергга жимастаг), Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхарца, баьхкина бара Даймахка.

Иорданерчу нохчашца шен хиллачу цхьаьнакхетарх а, уьш Нохчийчу бахкар вовшахтохарх а лаьцна Кадыров Рамзана яздира Инстаграм а, ВКонтакте а, кхийолчу а социалан сеташкарчу шен агIонашкахь.

«Иорданера нохчийн кегийрхой Нохчийчу бахкар вовшахтохахьара аьлла, дехар динера соьга со Иорданин паччахьа IабдаллахI ШолгIачо кхайкхина Iаммане ваханчохь. Баьхкина болу кегийрхой Нохчийчоьнан коьртачу сийлаллин меттигех бIаьргтоха а, Къоьзана-Iома тIехь, Шира-Бенахь хила а, музейшка кхача а кхиира. Шинарин буьйсана «Соьлжа-ГIалин хIордан» берда тIехь долчу «Гата» («Парус») Даздарийн цIийнехь хьешашна той хIоттийра. Самукъане а, даггара а къамел дира оха. Нохчийчохь хуьлучу хиламех дерг, ма-дарра, дийцира ас цаьрга, республикехь долу юкъараллин-политикин а, экономикин а хьал довзийтира. Кегийрхой чIогIа хазахетта бара Нохчийчохь Сийлахьчу Къуръанан бехкамаш ларбарна дерриге а хьелаш кхоьллина а, маьждигаш, хьафизийн школаш йина а, республикехь кхерамазалла, барт, цхьаалла чIагIйина а хилар. Тоьллачу кIентех, мехкарех бовлуш, бехха тIемаш беш, вайн дайша сатийсинарг ду и дерриге а. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров АхьмадХьаьжас юьхьарлаьцначу некъа тIера цадовлар бахьанехь кхаьчна вай тахана ишттачу жамIашка. Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша дуккха а хаттарш дора соьга, царах дукхахдерш сих-сиха Нохчийчу эха, кхузахь деша, болх бан, Iен, совдегаралла лело лаарца доьзна дара. Нохчийчохь шайна гинчо хIинца дуьйна шайн Даймахках – Нохчийчоьнах – къаьсттинчу дозаллица дийца а, миччахь хиларх а шаьш нохчийн халкъан цхьа дакъа дуй хаа а кхин а чIогIа бахьана далар билгалдоккхура хьешаша», – яздира республикин Куьйгалхочо ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь.

ХьошалгIа баьхкинчу кегийрхошна а, церан дай-наношна а баркалла элира Кадыров Рамзана шаьш Iачу махкахь юкъараллехь дика меттиг дIалоцуш а, дешарехь, тIеман гIуллакхаш кхочушдарехь, Iилманехь, медицинехь, культурехь баккхий кхиамаш бохуш а уьш хиларна.

Цо, иштта, дагадаийтира шаьш цхьаьнакхеттачу хенахь Иорданин паччахьа IабдаллахI ШолгIачо шен махкахь Iачу нохчийн лаккхара мах хадор а, церан дика цIе яккхар а.

Даздарийн цIийнехь пхьор диинчул тIаьхьа, хьешашна кечйина самукъадаккхаран программа дIаяьхьира.

Шайца дуккха а сирла битамаш, хаза дагалецамаш эцна дIабахана Иорданера Даймахка баьхкина кегийрхой.

А.ВАХАЕВА
№61, хьаьттан (август) беттан 16 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: