ХIокху деношкахь республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис рогIерчу пресс-конференцехь шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна довзийтира чекхдаьллачу эхашеран жамIаш.

Прокурора билгалдаккхарехь, 2019-чу шеран хьалхарчу 6 баттахь Прокуратурин органаша Iаткъам бина 31 сов гIуллакхна, иштта, 14,5 эзар сов стаг жоьпе а озийна.
Бахархошна а, пачхьалкхана а догIуш долу декхар а юхадерзийна – дерриге а 37,5 млн. сом.
Тайп-тайпанчу тIегIанашкахь тIеэцна долу 4 эзар сов бакъонийн акт законан лехамашца нис а дайтина, дIадаккха оьшург дIа а даккхийтина.
Цул сов, суьдехула федеральни бюджетера 422 млн. сом даккха гIертар а сацийна.
Иштта, экономикин декъехь динчу зуламех 21 процент зуламаш прокурораша талламаш барца гучудевлла ду.
Бюджетан ахчанах пайдаэцаран декъехь закон талхор гучу а даьлла, 21 уголовни гӀуллакх долийна.
Федеральни бюджетера 217 млн. сом лачкъо гӀортар, гучу а даьлла, сацийна, ткъа цуьнан буха тӀехь 8 уголовни гӀуллакх долийна.
Зуламаш дар, юкъарчу барамехь, лакха ца даьллехь а, церан буха тIехь талламан белхаш дIабахьар а, уьш дIаяздар а 12 процентана алсамдаьлла. Вуьшта, 100 эзар стаг схьаэцча, республикехь долчу суьртаца нийса а догIуш, царна «кхочу» 229 зулам дар.
ТIехдаккхий зуламаш дар 4 процентана лахделла – иза, коьртачу декъана, бакъонашларъяран органийн белхахошна дуьхьал зуламаш дар лахдаларца доьзна ду.
Зуламаш таллар а, уьш, суьде кхачорца, чекхдахар а 87,8 процент ду. Амма, Россин кхийолчу субъекташца дуьстича, республикехь тIехдаккхий зуламаш кхачам боллуш толлуш а, чекхдохуш а дац.
Шаьш бинчу белхан буха тIехь бакъонашларъяран органаша хIоттийначу статистикин хаамашкахь 5 эзар сов талхор гучудаьлла.
Прокуратурин органаша Iаткъам барца нийса а догIуш, хIинццалц дуйла а хууш, амма толлуш ца хиллачу 143 зуламан бух а талла болийна.
Уголовни гIуллакхаш долоран хьокъехь бакъонашларъяран а, талламан а органаша тIеэцна 113 сацам дIабаккхийтина. Иза даро набахтех хьалхаваккхийтина 41 стаг.
Берашна а, кхиазхошна а дуьхьал динчу зуламийн буха тIехь 8 уголовни гIуллакх долийна, царах 4 хIинцале а суьде дIаделла.
Кхачам боллуш, шайн декхарш кхочушцадарна, РФ-н КоАП-н 5.35 статьян 1-чу декъаца административни жоьпе озийна 255 да-нана.
Халахеташ делахь а, буоберашна хIусамаш яларан гIуллакх а ледара кхочушдеш ду республикехь. Прокуратурин органаша гIо дарца доьзна, чекхдаьллачу шарахь, 38 буоберана елла законаца йогIуш йолу хIусамаш, амма, хIинца а, шайн хIусамашка хьоьжуш кхин а 1 324 буобер ду. Оцу балхана алссам ахча оьшуш хилар дIахаийтина Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга.
Прокуратурин а, бакъонашларъяран а органаша цхьаьна болх барца гучудаьлла коррупцин декъера 172 гIуллакх, жоьпе озийна 81 стаг.
Алапица доьзна декхар республикехь дацахь а, 14 млн. соьман барамехь алапа дIацадаларца доьзна декхар хилла хилар «Чеченстатехь» къайладаьхьна хилар а билгалдаьлла, цунах 78 процент алапа хIинцале дIа а далийтина. Алапа дIацадаларна а, оцу декъехь декхар хилла хилар къайладахьарна а бехкеберш жоьпе озийна.
Пачхьалкхан эцаршдаран лехамаш талхорна 340 стаг жоьпе озийна, 4 млн 400 эзар сом гIуда такха уьш декхарийлахь барца. Амма, цкъачунна, оцу ахчанах 2 млн. сом бен цара дIатекхна дац.
Чекхдаьллачу эхашарахь Прокуратурин органаша тIеэцна 3 612 стаг, царах 214 – республикин Прокурора.
И.ИСЛАМОВ
№61, хьаьттан (август) беттан 16 де, 2019 шо