Медицинин белхахой балха схьаэцар алсамдаьлла

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон куьйгалло хIокху деношкахь Россин могашаллаIалашъяран министерствос дIаяьхьначу видеоселекторни кхеташонехь дакъалецира.

Цигахь дийцаре динчу гIуллакхех коьртаниг дара «МогашаллаIалашъяран хьаьрмин медицинин организацешна белхахошца кхачояр» федеральни проектах доьзнарш.

Оцу проектан мехаллах дийцар а, цуьнан лехамаш шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь дIабовзийтар а, проект кхочушъяр тидамехь латточу мониторинган жамIаш довзийтар а яра селекторни кхеташо дIаяхьаран коьрта Iалашо.

Нохчийн Республика карарчу шеран эхашарахь медицинин белхахой цIаберзорца а, царна белхан меттигаш нисъярца а массарел хьалха ю Россин регионашна юкъахь. Иза ларамаза а дац. Республикин а, министерствон а куьйгалло лерринчу тидамехь латтош а, кхочушдеш а ду могашаллаIалашъяран хьаьрмина медицинин белхахошца кхачояран гIуллакх.

Карарчу хенахь вайн республикин медицинин организацешкахь къахьоьгуш 3 800 лор ву. Амма иза данне а дац вайн проблемаш яц бохург. Уьш йолуш ю, къаьсттина амбулаторин медицинин гIо дечу организацешкахь лоьраш цатоарца хаалуш а ю.

И проблемаш дIаяхарна тIехь къахьоьгуш ду вайн могашаллаIалашъяран министерствон куьйгалла.

«МогашаллаIалашъяран хьаьрмин медицинин организацешкахь белхахошца кхачояр» федеральни проектан гурашкахь и проблема кхин а сиха а, дика а дIаяккхалург хиларх тешна ву республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан.

З.ЦЕНТОРОЕВА
№61, хьаьттан (август) беттан 16 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: