Дукха хан йоццуш, Сколковн дешаран а, технологийн а институтехь «ГIайре – 10–22» дешаран интенсив дIаяьхьира. ХIокху шарахь дIахьочу «ГIайре» интенсиван коьрта Iалашо яра регионан вузашна юкъахь студентийн тобанаш кхоллар а, цул тIаьхьа, Росси технологехула кхиорхьама тоьлла говзанчаш кечбайтар а.

«ГIайрехь» дакъалоцуш Россин 72 регионера Iилманан-дешаран туьшашкара а, вузашкара а 100 тоба я 1,5 эзар стаг вара.
2 эзар гергга мероприяти дIаяхьира цигахь, цул сов, 239 лабораторин модулан а, 231 мастер-класс а дIаяьхьира «ГIайре» тIехь, шайна юкъахь искусственни интеллектан 50 мастер-класс а йолуш.
Иштта, лекцеш а, практикин дарсаш а дIадаьхьира цхьалха проекташ ян, шайна хьалхахIиттийна Iалашонаш бертахь кхочушъян а Iамош.
Россерчу кхечу регионийн вузаш санна, Нохчийн Республикера «ГIайре – 10–22» дешаран интенсивехь дакъалоцуш яра Нохчийн пачхьалкхан университет а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет а, Соьлжа-ГIалин М.Миллионщиковн цIарах йолу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университет а.
Студентийн 100 тобанна юкъахь Нохчийн пачхьалкхан университето хьалхара меттиг яьккхира Росси экосистемин технологехула кхиоран декъехь.
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университето 6-гIа меттиг яьккхира Iилманан-дешаран туьшашна юкъахь.
«ГIайре» дешаран интенсивехь хьалхара меттиг яьккхинчу Нохчийн пачхьалкхан университетаца цхьамогIа барташ бина Стратегин дIадолорийн агентствоца, Къоман технологин дIадолоран (НТИ) «20.35» Университетаца а, НТИ-н платформица а, махлелоран 5 векалца а, иштта кхечаьрца а.
Нохчийчоьнан шина а вузо шайн толамашца юха а тIечIагIдира, вайн республикехь дешар лаккхарчу тIегIанехь хилар а, тIекхуьу чкъор хьекъал долуш, Россин а, дуьненаюкъарчу а конкурсашкахь дакъалаца хьакъ долуш хилар а.
ВЕГИЕВА Макка
№61, хьаьттан (август) беттан 16 де, 2019 шо